– Хаац. Цо собар ца лахь, со дог иккхина лийр-м йу.
Кхехкачу хин тӏадам тӏебоьжча санна, бесни йагийра Болатан.
– Йуха а йелха йуьйли-кх хьо?
– Садетталац, Болат. Хьо лацахь, хьоьца дӏайогӏур йу со.
– Муха? – гӏаддайна велавелира Болат. – Зударийн меттиг йац Сибрех. Цигахь божаршна а хала ду, боху. Мацалла. Шело. Іазап.
– Хирг цхьаьний хир вайшинна.
– Забарш ма йелахь!
– Ас-м забар ца йо. Дуккха а ойланаш йина, ас тӏаьххьара а тӏеэцна сацам бу иза. Ас хӏун до, хьох а йаьлла, цӏахь йисина?
– Хьан да-нана ма ду.
– Царал а дукхавеза кхоьллина хилла-кх хьо…
– Сох хӏуъу хилахь а, хьой, кӏанттий диса деза, Деши.
– Хӏун кӏант?
– Вайшиннан хинверг.
– Йоӏ хилахь?
– Бен а дац. Вайшиннан йоӏ хир йу-кх иза а. Йоккха а хилла, маре йахча, цуьнан кӏентий хир бу. Со кӏур боцуш ван лаац суна.
Дешис, цхьа пхьарс тӏехула а тесна, маракъевлира Болат. Шад хилла къамкъаргехь сецнера кийрара арагӏерта къаьхьа мохь. Цуьнан урх къуьйлура къоначу зудчо. Къурдаш деш, йуханехьа чутоьттуш. Болатна хиира цуьнгара хьал. Зудчун коьртах дайн куьг хьаькхна, дуьрачу бесни тӏе барт баьккхира цо.
– ЦІера валахьа, Болат…
– Хӏунда?
– Салтий багӏахь, лоцур ву-кх хьо…
– Со ведча, шу хьийзор ду. Зударий. Хӏан-хӏа, Деши, иза дийр дац вай. Тхо цхьадолчарна шера хаьара мацца а цкъа хӏара де тӏехӏуттур дуйла. Тхаьш герз кара а эцале. Толахь – тола а, эшахь – дала а ма девллера тхо хӏокху новкъа. Сайн са дадийна, валлалц ведда лелла вер ма вац. Ӏожаллех ида ца гӏевттинера тхо. Ша динчух жоп дала а къонах веза. Маршонан кӏенташкахь товр дац кхерамах, ӏожаллех идар, – гӏийла велакъежира иза.
Тховса хӏара шиъ хилла ца ӏара оццу гӏайгӏано дӏалаьцна. ХІарра сурт дара бӏеннаш хӏусамашкахь а. ХІокхул а бохамениш а.
Нохчмахкара гӏаттам хьаьшча, хьаннашкахь а, гена йарташкахь а, Хӏирийчохь а, Гуьржехахь а къайлабевлира цхьаболу цуьнан дакъалацархой. Уьш хьаннашкахь лоьхуш, лоьцуш, царна тӏаьхьа толлуш а лелара регулярни эскарийн отрядаш а, лаамхойн командаш а. Лоьхура уьш гена йарташкахь а. Амма, гӏовттамхой берриг лецалург хиларх дог а диллина, нагахь уьш шайн лаамехь тӏебагӏахь, царна гечдар кхайкхийра ӏедало.