СогІратлахь, тӏеман цӏергахь, тӏаьххьара а кӏур байра цуьнан.
И буьйса байлахь бисинчу Къайсаран доьзалца йаьккхира ӏаьлбага. Амма набарза. Карладуьйлура оцу тӏаьххьарчу беттан денош…
Хӏара де тӏекхачаре сатуьйсуш, ворхӏ баттахь садиттинера инарла-адъютанто Свистуновс. Шен командирашка а олура цо собаре хила. Гӏаттам хьаьшна баьлча, тӏаккха дийр ду вай кхоччуш таӏзар. Йарташ, йалташ, докъарш дагор, даьхний лахкар, бахархой талор, амалтана бигна нах Сибрех хьийсор – уьш дерриг а таІзар ца хетара цунна. Коьртаниг тӏаьхьенга тоьттура. ГІаттам хьаьшна баларе.
Цо сатийсина хан тӏекхаьчнера.
Октябрехь дуьйна декабрь чекхбаллалц оцу кхаа баттахь таллар лелийра гӏаттамехь дакъалаьцначу нахана тӏаьхьа. Уьш лоьцура шайн йарташкахь а, шаьш бехачу меттигашна генахь а.
Йарташкахь таӏзарш деш областан тӏеман-граждански администрацина доггах гӏо дора меттигерчу хьолахоший, церан йолахоший. Дӏалоьцуьйтура, гӏаттаман дакъалацархой-м хьовха, ткъа цуьнца цхьа а тайпа гӏуллакх ца хилла, амма мацца а цкъа шайна новкъа хила там бу аьлла хета нах а.
Къаьсттина хьийзайора гӏаттаман куьйгалхойн йарташ. Уьш схьа ца лахь, бер-кер ца дуьтуш, лаххьийна Сибрех дӏабахийта кхерамаш туьйсура. Таӏзарийн отрядаш дӏасахецнехь а, Нохчмахкахь а, Органца а йитинера тоъал йаккхий гарнизонаш.
Схьабоьхура маршонехь бисина ӏаьлбаг, Гӏайтин Куркъа, Герин Аьрса-Хьаьжа, Апин Митӏа, Тонгӏатаран Тозуркъа, Пишин ГІубха, Пиркъин Янгӏулби, Ахьсин Ханбетар, Амин Хьусайн, Ших-ӏелин Шихмирза, Мохьмадан Гӏезанур, Ишин Бугӏа, кхин а, кхин а.
Солтмурд а, Сулиман а тӏепаза вайнера. И шиъ ведда Турце вахана бохуш, хабар даьржинера областехь[30].
Бутт хьалха, ша Дегӏастана ваха сацам тӏеоьцучу хенахь ӏаьлбагна шера гора цигарчу гӏуллакхан чаккхе. Цкъа-делахь, нохчийн гӏаттам хьаьшча, шиний областан тӏеман ницкъаш маьрша бара дегӏастанхойн гӏаттам хьаша. Шолгӏа-делахь, ӏаьлбаг йуьхьанца дуьйна а реза вацара цигарчу гӏаттаман цхьаболчу коьртачу куьйгалхошна. Уьш паччахьо