Массара а со дӏатасарх могуьйту ас,
къонахалло со дӏа ца тесчахьана…
И. Фихте
Цкъа кхоларшца, тӏаккха йочанашца кӏез-кӏезиг теӏаш, кӏелдиса дуьйлира Берсин дегӏ. Де кхоьлича, тӏуналла шен дегӏах йулуш санна хетара цунна. Йовхарш карзахйуьйлура, хьала-охьа уьйзу са цкъа, левси санна, «хьаз-хьиз» дан хӏуттура, тӏаккха къамкъаргехь, кхехкаш санна, гӏовгӏа йолура.
ХІокху йочанаша гуттар а садаьккхинера настарш чуьра. Волавелла, цхьа бӏе гӏулч гена ваьлча, дегӏе хорша хьаьдча санна, йего йолалора. Ницкъ бацара дакъаделлачу пхьаьрсашкахь а. Цкъацкъа леш йоллучу хьозанан кӏорнех тарлора Берсина ша. Баккъал а, бӏаьстенан йуьххьехь цо догдиллинера ша гуьйрене вериг хиларх. Хӏетте а, ца леш схьавеара. Ткъа хӏинца тӏейогӏу бӏаьсте гур йу а ца моьтту.
Ша Сибрехара цӏа вирзичхьана, дукхахйолу хан ненан вешин хӏусамехь дӏахьора цо. Дех бисинчу бахамах хилларг а ца хаьара Берсина. Йа хаа а ца гӏоьртира. Йа бала а бацара.
Виллина дӏа цӏа чу хьийза а, меттахь ӏилла а кӏордадора. Довхачу дийнахь, кетӏа волий, бурсанечу бӏаран дитта кӏел ша диначу гӏанта хуий ӏара иза. Суьйранна хӏокхунна улло гуллора лула-кулара, цкъацкъа генарчу каппашкара а нах. Берсе дуккха а хеттарш дора цара, дуьйцуьйтура генарчу мехкех а, цигарчу адамех а лаьцна. Амма Берсас а сутара ладоьгӏура баккхийчу нехан хабаршка. Ларлуш зуьйра нехан ойланаш, тӏаккха кӏез-кӏезиг царна хьалха ӏедал ӏорадоккхура, цуьнга цабезам кхуллура. Оцу тӏехь цуьнан къаьсттина боккха кхиам хуьлура кегийрхошна йукъахь. Уьш, хьолахойниш а цхьаьна, маршонехьа къийсамна кечбора цо. Ткъа стохка гӏаттам болабелча, ӏедалехьа бевллачу шелахойн тхьамданийн бертаза дуккха а ӏаьлбагна тӏаьхьа бахара уьш.
Тахана, догӏа а, ло а ийна тӏесерсаш, шийла йелахь а, тӏе йовха кетар а йуьйхина, кхакханан месала куй тиллина, неӏармачашна чухула бовха бӏоржамаш а буьйхина, делкъан хан хуьлуш маьждиган майдана вахара иза. Селхана дуьйна дӏаволучо а, схьаволучо а дуьйцура, тахана рузба чекхдаьлча маьждиган майданахь гулам хуьлу бохуш. Цигахь хир бу, бохура, дукха хан йоццуш туркойн тӏамера цӏа веана инарла Орца а, сих-сиха кхузахь хуьлуш волу эла Эристов а.