кӏентий, оьрсийн паччахьан ӏедало ваьш маьршадаьхнийла. Тӏейуьйхинчу чордачу машин бедарша, гӏордазо санна, догӏмаш а цоьстуш лелла вай селхана а. Даа дацара вайн, тӏедуха дацара вайн, боданехь дохкура вай. Вайн халкъана серло, ирс дохьуш деанчу паччахьан ӏедална муьтӏахь хила ца лууш, цунна дуьхьало йеш, иттаннаш шерашкахь тӏом беш, нийсса ах хӏаллакьхилла вайн халкъ. Хӏинца гой шуна шаьш? Тӏедуха а ду, тӏом а бац. Туьканаш йу товарех йуьзна, хӏусамаш а го дика. Шена дина дика цахуучунна дина вон а хуур дац, олуш ду. Цхьаболчу нахана ца хиъна паччахьан ӏедало шайна дина дика. Уьш зуламна гӏевттина. Россин паччахь, цуьнан ӏедал а дохо дагахь! Дуьненан уггар нуьцкъалчу паччахьашка шен махка тӏе ког ца буьллуьйтуш, эзар шарахь, лам санна, чӏогӏа лаьтта паччахьан ӏедал дохало ткъа оцу мезаша йуьзначу хӏуманашка? И зуламхой паччахьан ӏедална дуьхьал гӏевттина ма ца ӏара. Царна хӏун лаьара? Шайн хьацарца цхьаболчу наха ӏаӏийна хьал, бахам, шун туьканаш, шун мехкаш дӏадаха лаьара-кх царна. Аш къахьегнарг шайн доладаккха!
– Хьий, делан мостагӏий, йаӏ!
– ШарІан некъах тилла йовсарш!
– Дала хьукма дира царна-м!
– Нийса боху ахь, Мохьмад-Хьаьжа. Дала хьукма дина царна тӏехь. Амма царна тӏехь хьукмадар Далла тӏе а, ӏедална тӏе а диллина, шу йуьстах ӏийна. Чай, борззий вовшехлета, ас даьттан гуьмалк йуур бохуш, йуьстахъиккхина ӏийна, бах-кх, цхьогал а. Изза ду аш динарг а. Хӏинца мукъане а шаьш дийна дуйла хаийта. Зуламхойн тоба йохийна, йаржийна, амма дуккха а зуламхой ӏедалх бевдда лела. Мичахь бу уьш? Стигала бевлла, лаьттах боьлла? Хӏан-хӏа, уьш йарташкахь лечкъаш бу. Шуна йукъахь хила а мега уьш къайлабаьхнарш. Дала а, ӏедало а боху адамашна зуламе ваьлла стаг новкъара дӏаваккха. Ӏаьлбаг а, цуьнан гӏера а зуламхой бу. Уьш ӏедалан кара дӏабалар декхар ду массо бусалбанан, паччахьна муьтӏахьчу стеган. И цадийриг йа бусалба а вац, ӏедална тешаме а вац. Иза ша а ву зуламхо. Цунна шалха таӏзар догӏу.
– Делхьа, ма бакъ лоь хьо, Орца!
– ӏедалой, паччахьой бохург ца дича девр дац.
– Хӏаъ ткъа, парза ма ду иза дар.
Бен къурд сих а иккхина, йовхарш йаьхкина Орца, кисанара даьккхина кӏайн йовлакх бете а лаьцна,