дуйла, ткъа кханалерчу дийнахь уьш Далла гергахь даржехь лакхахь хир буйла а хаийтар. Амма, хьалххе хоуьйту шуьга, шуна йукъара доггах гӏуллакх динарш а, моттаргӏанаш лелийнарш а, йуьстахбевлла ӏийнарш а ӏедална гуш хир бу шуна. Дала аьтто болда шун!
ЦІа баха нах дӏасабаьржича, церан боларца ца ларийна Берса, карарчу гӏожа тӏе а тийжаш, меллаша цӏехьа волавелира. Амма, ши бӏе гӏулч генаваьлча, сихделла деттадала дуьйлира дог. Садаӏар а сихделира. Йегош, шалхаоьхура настарш а. Жимма дегӏ меттадало сецира иза. Корта а хьаьвзина, бІаьргашна дуьхьал можа бода хӏитта боьлча, меллаша некъана йуьстахваьлла, цхьана нехан кетӏахь лаьттачу боккхачу тӏулга тӏе охьалахвелира. Амма настарш чуьра са дӏадаьллера.
Хӏара хьалагӏатта бӏо ца булуш ӏаш, урамехула гучубевлира майданара схьабогӏу Орцагӏар.
Уггар хьалха Берса гина майор Девлат-Мирза, хӏокхунна тӏе шедакхаж а хьажош, Орцега вистхилира:
– И дӏо тӏулга тӏехь хебна ӏийриг мила ву хаьий хьуна?
– Ца хаьа. Мила ву иза?
– Хӏара ун даржийначех цхьаъ ву-кх.
Орца цецваьлла Девлат-Мирзе хьаьжира.
– Барзин Рохьмадан кӏант Берса. Вицвелла хьуна?
– Хӏан-хӏа… Лаьцна, Сибрех ца вахийтинера иза мацах цкъа?
– Хӏаъ. Итт шо хан а йаьккхина, стохка гурахь цӏа веана.
– Вевза, дера, суна-м цуьнан да а. Дика таро йолуш стаг вара иза. Хӏара хӏун хилла висина, оцу писех дӏа ца кхеташ?
– Пехашца цамгар йу цунна. Лелалуш вац. Велахьара, ӏаьлбаган коьрта гӏоьнча хир вара. Хӏинца а цаьршинна йукъахь лелаш къайлах зӏе йу, боху. Амма лацалац.
Ши бӏаьрг Берсина тӏера ца боккхуш вогӏу Орца, цуьнга нисвелча, накъостий дӏа а буьйлабалийтина, салам луш, сецира.
– Барзин Рохьмадан кӏант ву хьо?
– Ву.
– Эпсар хилларггий?
– Хӏаъ.
Орцас кхардаме муцІар чӏачкъийра.
– Сонта хилча, хӏара хуьлу хьуна, къонах. Цӏарна а цӏейаханчу ден кӏант. Паччахьан эпсар… Хӏинца хьажал хьайга? ЦІа-цІе а дац, доьзал а бац. Цамгаро а лаьцна, сагӏадоьхург санна, тишачу кетарх а хьаьрчина, нехан кетӏа а хиъна Іа. Стенна оьшура хьуна оцу писашна тӏаьхьахӏоттар?
Хӏинца Берса велавелира кхардаме.
– Инарла, оцу «писех» схьаваьлла вайшиъ. Ша баккхалча волуш, паччахьан инарлийн къайлах лазутчик леллачу сан дех