– Делхьа, ӏаьлбаг, вайша хьалххе дуьйна шек ма хилира оцу Дегӏастанарчу цхьаболчу баьччанех, – доккха садаьккхира Берсас, ӏаьлбаг дийцина ваьлча. – Мехкадайн цӏийнах нах а, хьоладай а цхьа йамартло йоцуш хилац. Наггахь бакъ кӏентий а-м нисло царна йукъахь а. Халкъан гӏуллакхна шайн бахам а, синош а дӏалуш. Амма ас буьйцурш хӏара вайн Орцагӏар, Девлат-Мирзагӏар йа дегӏастанхойн Мохьмад-бекгӏар, Джафар-ханаш бац.
– Церан а, вайн а некъаш башха-башха ма ду, Берса. Цаьргахь хьал, ӏедал, маршо йу, ткъа вай къен, бакъо йоцуш, лоллехь дохку.
– Оццул хьо хьеггал ирсе а бац уьш.
– Со-м ца хьоьгу царах.
– Хӏета… дӏабевли-кх вайн накъостий?
– Дӏабевли.
– Хӏинца хӏун дан ойла йу хьан?
– Ахь хӏун олу?
– Гуьржех дӏаваха веза хьо.
– Хӏан-хӏа. Накъостий дӏа а тийсина, ведча, эхь ду.
– Эхь дац. ХІокху Россехь а, кхечу мехкашкахь а маршонехьа гӏевттинчу халкъийн тхьамданаш, вайл кхетаме, дуьненахь а цӏе йахана нах, шайн эшам хилча, шайна туш а лохий, махках бовлу.
– Шайн синош а довдадой?
– Хӏан-хӏа. Керлачу къийсамна кечамбан.
Ӏаьлбага корта хьовзийра.
– Реза вац хьо? – хаьттира Берсас.
– Вац.
– Хӏунда?
– Со бодане ламанхо ма ву, Берса. Ахь буьйцучу нехан санна, коьртехь хьекъал а, ӏилма а, кхетам а боцуш. Махкал арахьа-м хьовха, кху лаьмнашкахь а ца вевзаш. ЦІахь ца карийна ирс хийрачу махкахь муха карадо? Суна мича махкахь карор дара, гӏо-м хьовха, кӏелхӀотта тхов а?
– Хонкарахь. Цигахь вайнах а, кхин ламанхой а ма бу.
– Гина суна уьш. Хӏара вайн хьолахой санна, цхьакӏеззиг нах туркойн ӏедална мотт хьоькхуш беха, бисинарш вайл а къизачу ӏазапехь бохку. Вайн-м, къен делахь а, декъаза делахь а, даймохк а бу. Цигахь церан иза а бац. Даймохк боцу стаг велла ма ву, Берса. Ахь айхьа а ма олура иза.
– Хи буха воьдург чемхалгех а тийсало, боху, Іаьлбаг. Вай оцу хьоле ма эгна.
– Ас аьллачунна тӏе кхин а ду со цӏахь сецош цхьа бахьана. Хӏинца со ведда Хонкара вахча, ас хӏинццалц бина некъ туркойн дуьхьа хуьлу сан. ТІаккха сайна тӏехь боцу ши бехк кочаоьцу ас: белла а, дийна а накъостий дӏа а тийсина, кӏилло санна, вадар; туркошца сан барт бу бохуш, ӏедало даржийна эладита бакъдар а.
– Хӏета, ӏедална тӏеваха сацам бина-кх ахь?