– Паччахье дӏахаийта тхан резадацар!
– Телеграмма ло, царна гечдар доьхуш!
– Дика ду, зударий… Ас государе дехар дийр ду, оцу кхойтта стагах къинхетам бе аьлла…
Свистуновн дашах тешнехь а, йа, маьхьарий хьоькхуш, доьлхучу шайн берех къахеттехь а, цхьацца-шишша йоьдуш, дӏасабаха буьйлабелира зударий.
Ткъа зударша букъ ма-тоьххинехь, ша делла дош а дицдина, Владикавказе дӏавахара Свистунов.
Ши де дайра гӏалин ӏедало оцу кхойтта стагана йина кхел кхочушйан чалтач лоьхуш.
Амма цхьанненна а ца лаьара и эхье болх тӏелаца.
Эххар а, селхана карийра. Гӏалин набахтехь чувоьллина вара луьра уголовни ши зуламхо – цхьа хӏуьнехдина Понявин а, Нихматуллин а. Ӏедалхоша цаьршинна дош делира, цигахь и шиъ чалтачалла тӏеэца резахилахь, царна дина таІзар малдан.
Ӏуьйранна бархӏ сахьт долуш, тулгӏе тоьхна хӏорд санна, техкира майданарчу адамийн кортош. Гӏалех арайелира гӏалгӏазкхийн отрядан йуьхь.
Тутмакхаш гуш бацара. Хьалхий, тӏаьхьий, агӏонашций ха а хӏоттийна, йуккъебоьхкина балош бара уьш.
Баттара даьхна тарраш карахь богӏу гӏалгӏазкхий, говрашка болар ца лагӏдойтуш, адамийн тобанна тӏегӏоьртира.
– ДІасадовла! Некъ бита! – мохь хьоькхура хьалха вогӏучу сотнико.
Шайга шолгӏа ца олуьйтуш, говрех къаьхкина, дӏасахилла, доккха ков дитира наха. Хьалхабогӏу гӏалгӏазкхий тангӏалкхашна го беш дӏахӏиттира. ТІаьххье гучубевлира тутмакхаш. Стерчийн йоккхачу ворданахь, буржалш тоьхна куьйгаш голаш тӏе охьа а хецна, дегӏ нисдина, ирахь лаьттара къена ӏумма. Вуьшта а цуьнан йуькъа, йеха кӏайн маж хӏинца, йахйелла, доьхкаре хӏуттура. Кондарш санна, сира цІоцкъамаш а дусийна, корта жимма агӏор а баьккхина, адамийн кортош тӏехула кхарстийна ши бӏаьрг тангӏалкхашна тӏехь а сацийна, цавашаре велакъежира иза.
Шолгӏачу ворданахь ирахь лаьттара къона ӏаьлбаг. Набахтехь баьккхинчу кхаа батто а, ши де хьалха йинчу кхело а бос ца талхийнера цуьнан. Хьалха суна буьйцу ма-хаззара, цӏен бос богура цуьнан горгачу йуьхьа тӏехь. Амма ӏаьржа, йоца, йуькъачу можаний, хаза тодинчу мекхашний йукъахь сира чоьш къегара.