Юсуп – инарле Чермоевга, ткъа тӏаьхьарниг Смекаловга вистхилира. Схьахетарехь, инарлас пурба а делла, Юсуп, хьалхахьа а ваьлла, голаш тӏе охьа а лахвелла, сингаттамечу мукъамехь йеса деша вуьйлира.
Амма иза ца хозуьйтура тутмакхаша олучу иллин чӏогӏачу аьзнаша.
Ӏаьлбагна тӏаьххье Умаев Дадин цӏе йаьккхира. Шен цӏе йоккху хезча, цкъа къеначу дега а хьаьжна, тӏаккха инарлина Смекаловна тӏевирзира иза.
– Хьан локхалла, да хьалхаваккхахьа сол. Къеначу цунна хала хир ду сан са долуш хьежа…
– Кӏант, хӏун боху ахь инарле? – резавоцуш вистхилира ӏумма.
– Со тӏаьхьавитар доьхура ас-м…
– Хӏунда? – цІоцкъамаш дусаделира Іуммин.
– Тӏаьххьара а кӏант леш хьежа хала хир дац хьуна?
Шен дагахь мел шийла ша белахь а, цавашаре велавелира ӏумма.
– Сан дагах тӏулг хилла дукха хан йу, кӏант. Да а, кхоъ ваша а, цхьа кӏант а велла сан карахь. ТІамехь мостагӏех леташ. Хӏетахь а сатоьхна ас. Хьо тӏаьххьара кӏеза леш а сатухур ду къеначу лоьмо. И жӏаьлеш ца кхардош, гӏанта тӏе хьалавала.
Дадас резавоцуш корта хьовзийра.
– Хьо Дуин ӏуммин кӏант хиларна дохко-м ца ваьлла хьо? Йа кхераделла-те хьо, берзан кӏеза? Мичахула нисйелла сан бена хьо пхьагалан кӏорни?
Дада леррина хьаьжира дега. Кхаа баттахь шарйаза, тойаза, йуькъа, йеха сира маж. Бага хьийзина чорда мекхаш. Хебарша аьхна йуьхь. Амма – майра бӏаьргаш. Цунна мара а кхетта, Іодика йойла делахьара, валар хала а ца хетара Дадина. Амма иза дойла йац. Нохчийн гӏиллакхехь осалалла лору нахана йукъахь да а, кӏант а вовшашна мараэккхар, бӏаьргех хи далар. Мел йехачу ханна къаьсташ велахь а, мел йехачу ханна къаьстина, цхьаьнакхеттехь а…
– Со-м хьан дог кхоо гӏертара, Ами…
Каде вахана, гӏанта тӏе а ваьлла, саба хьокхуш шарбинчу муьшан шад шен логах тесна, курра дӏахІоьттина куьце къона стаг гича, маьхьарий девлира оьрсийн зударийн.
– Мел хаза ву иза!
– Мел къона ву!
– Оццул хьалхе вала воллу-кх иза!
– Къинхетам беха хьайна!
– Дуьне деза хан ма йу хьан!
– Къинхетам!
– Къинхетам!..