тангӏалкха кӏел сецна, нисдеш, гӏант дӏа а хӏоттийна, везза цунна тӏевелира ӏумма. Тӏаккха, хьалакхевдина, муш схьа а лаьцна, шиний куьйга озийна, цуьнан чӏогӏалла а зийна, шершад шен логах тесира цо. Иза бухара гӏант дӏахарцо кхиале, лахахь лаьттачу инарло Чермоевс мохь туьйхира цуьнга.
– Ва Іумма-Хьаьжа, ладогӏахьа соьга!
Ӏумма дӏахьаьжира инарле.
– Хӏун боху ахь, Орца?
– Хӏинца хиин хьуна, хьайга аьлларг ца дича, хӏун хуьлу? Масазза элира хьоьга, ма гӏерта ӏедална дуьхьал, и хьоьга дохалур дац, къанвелча мукъане а йита и хьайн сонталла, цо эххар а хӏаллаквийр ву хьо. Соьга ла ца дуьйгӏира ахь, ас аьлларг ца дира ахь. Айхьа лоьхучу-м кхечира хьо… Ши кӏант а хӏаллакви ахь. Хӏинца мукъане а дохковала, хьан цхьана кӏентан бераш байлахь ма дуьсу.
Орцин курачу хабаре леррина ла а доьгӏуш, шен логах тесначу муьшан шад дика тӏебоьдий хьаьжира Іумма. ТІаккха Чермоевна тӏевирзира иза.
– Ва инарла Орца, ахь дукха бехира соьга, халкъана хьалха а вуьйлуш, ӏедалца ма къийса, цул тоьлур вац хьо, цкъа хӏаллакьхир ву хьо, ӏедало бохург дахь, хьайн санна, сий хир ду. Ахь соьга бехира, Орца, паччахьо мохк дӏа а баьккхина, мацалла кӏелдисина, мостагІчо сийсазден халкъ дӏа а тасий, хьо санна, паччахьан лай хила. Соьга дог ца диллалора маршонах, машар ца балора сайн халкъан мостагӏашца, суна, ламанан аьрзу санна, маьрша ваха лиира. Эххар а сайх хӏара хир дуйла а хаьара суна, ас лехнарг хили-кх суна. Сан да а, вежарий, кӏентий а белла халкъан гӏуллакхна, со а ле. Суна хетарехь, хьан да а ца хилла, вежарий а ца хилла, тайпа а дац хьан, тукхам а дац. КІентий аьлча а, цхьа-ши къутӏа ду хьан, хьо санна, цкъа нахана бале дер долуш. Сол тӏаьхьа дуьненахь вуьсучу ахь хӏун дийр ду, хьан карахь хӏун ду? Цхьа до хьаьжкӏаш а йуур йу ахь, боьхаллех цхьа ор а дузур ду ахь, кхин хьоьгара хила пайда бац-кх!
Чермоевн йуьхь, даӏ санна, цӏиййелира. Схьахетарехь, цо шена дуккха а зен хуьлуьйтур дара ша ӏумме вистхилла ца хилийта. Ткъа ша аьлларг Чермоевн дагах кхеттийла хиъна ӏумма, там хилла вела а велла, шен накъостийн ӏодика йеш, куьг а ластийна, когаш кӏелхьара гӏант дӏа а тесна, дезачу дегӏаца муьшах кхозавелира…