ӏедало массо маьӏӏехь кхайкхийнарш. Ӏедало дийцарехь, моьттур дара, уьш маӏаш, кӏомсарш, бергаш а йолуш, цхьа шатайпа «адамаш-акхарой» ду. Ткъа, гонах салтийн ха а хӏоттийна, суьдана хьалха ховшийнарш цхьа мисканаш бара. Мел хьежарх, лехарх, ца карабора цаьрца къизаллин чо. Беркъа духар, кхоьлина, амма догдика йаххьаш, гӏайгӏане, къинхетаме бӏаьргаш, сийна пхенаш тӏе а хевшина, гӏорладоьлла куьйгаш. Уьш гича, мила тешар вара цара бераш, зударий дойъур ду бохучух? Хӏара муьжгий санна, мацаллой, къоьллой таӏийна латтийна нах бара-кх уьш. Уьш саннарш миллионаш ма бу нана Россехь. Бӏе, ах бӏе шо масазза дели, хӏокху ӏедална дуьхьал гӏуьттуш, тӏаккха, ӏедало тоьпаш йетташ, ирхъухкуш, каторге хьийсош. ТІаккха цхьана ханна садетташ, амма, собар кхачалой, йуха а гӏуьттуш.
Хазахета ма ца гӏевттинера и нохчий а. Маситта шарахь церан йарташ хӏаллак ма йинера паччахьан эскарша. Ламанхоша шайна латта ма доьхура. Шайн кочадоьллина ӏазап дӏакхосса ма гӏертара уьш. Аттачу хьолехь-м оьрсийн муьжгий а бац. Маршо-м царна а йац. Ӏазапехь-м уьш а бу. Амма муьжгийн йоллу маршо а ма йац оцу мисканийн. Церан лехамаш, церан къийсам бакъонца бу. Нохчех дог цалозург адам дац.
Изза жамІаш дора гӏала йухабоьрзучу муьжгаша а. Оццу ойланаша гӏовттийра муьжгийн зударий тутмакхашна орцанна.
Изза дара и муьжгий а, церан зударий а тахана белхийнарг а.
Гӏалахой кхуза кхойкхуш, ӏедалан ӏалашо йара таханлерчу къизаллица адам кхеро. Тахана шен мостагӏий и нохчий гахь а, кхана хинболчу мостагӏийн ойла а ма йора ӏедало. Синтеме дацара Россин йуккъерчу губернешкахь. Революцин, демократин гӏаларташ хьийзара Россина тӏехула. Гӏаланашкахь – белхалой, йарташкахь – ахархой гӏуьттура. Уьш-м хӏун дара, даим дӏа паччахьан ӏедалан гӏортор хилла лаьттина гӏалгӏазкхий а карзахбевллера цхьаццанхьа.
Цундела лаьара кхузарчу ӏедална и «пачхьалкхан зуламхой» ирхъухкуш адам хьожийла.
Ӏедална дуьхьалваьллачунна изза таӏзар хир дуйла хаийта. Амма ӏедал шен ӏалашоне ца кхечира. Мелхо а, цу адамийн дегнаш дардира тахана гиначу суьрто.
Шеко йацара керлачу къийсамехь оцу муьжгаший, ламанхоший вовшашка куьйгаш кховдориг хиларан.