Сан майра Данчаев Болат, гӏаттамехь дакъалаьцна аьлла, бехкевина, кхечаьрца цхьаьна Сибрех вохуьйтуш ву.
Майрачух а къаьстина, цхьа де даккха а ницкъ бац сан. Со берах йу, кӏел хӏотта тхов бац сан. Кхин дан амал а ца хилла, иза воьддучу цуьнца дӏайаха, кхуза йеана со. Амма хӏокху цайевзачу гӏалахь буьйса йаккха меттиг а бац сан, петар лаца ахча а дац.
Сан дехар ду хьан локхалле сан майра Данчаев Болат айхьа вохуьйттучу цуьнца дӏайаха суна бакъо йалар а, хӏетталц цуьнца цхьаьна набахтехь йитар а, тхойшиннах цхьаъ даллалц, вовшехцакъастор а.
Йоза-дешар ца хуучу хӏокху Данчаева Дешин дехарца, цуьнан метта куьг йаздина Коцаев Платона.
1878-чу шеран мартан 28-гӏа де. Владикавказ»
Дехар дешна ваьлча, цушинга хьаьжира со. Хӏара кӏант, ханна жима велахь а, цуьнан йуьхьа дуьхьал ма-хьаьжжинехь, хаало иза тоххара бераллех къаьстина хилар. Хазачу, къонахчун басахь йуьхь, майра, хьекъале ши бӏаьрг, хӏетта тӏедовла доьлла мекхаш, даккхий куьйгаш. Цуьнан накъост берхӏитта-ткъа шо хенара йара. Озачу дегӏан йуткъачу гӏодайукъна тӏехиъна и доккха, горга гай ца хилча, эр дацара иза меразуда йу. Йа коьртах хьарчийначу доккхачу ӏаьржачу корталино а, тӏейуьйхинчу гӏовтало а, когарчу неӏармачаша а ца дойъура цуьнан куц.
Нохчашца дикка йукъаметтигаш хиллачу суна тӏекаре йалла церан мотт ӏемина. Хуург нохчех олуш, йукъ-кара оьрсийн дешнаш далош, цхьаццадерг куьйган ишарца а олуш, къамел долийра ас.
– Хьан цӏе хӏун йу? – хаьттира ас кӏанте.
– ӏумар.
– Хӏара йиша йу хьан?
– Хӏан-хӏа, нус йу. Вешин зуда.
– Вешина хан мел тоьхна?
– Хаац. Суд ца йина.
Суд-м йеш а ма йацара лоьцучарна. Уьш, схьа а лоьцуш, чу а бухкуш, Сибрех дӏаоьхуьйтура.
– Болатна хаьий хӏара Деши шеца дӏайан гӏертий?
– Ца хаьа.
Тӏаккха къоначу зудчуьнгахьа вирзира со.
– Йохуьйтур йац хьо, Деши. Йахийтича а, хьан могашаллина гена а, хала а некъ бу иза.
– Оха дукха бехира иза. Ладогӏац. Хӏинца а бохура ас, цӏа гӏо вайша. Ша аьллачунна тӏера йалац, – сан гӏо лецира ӏумара.
Дешис корта хьовзийра.
– Дуккха а зударий бу кхалхош. Къена а, къона а. Бераш а. Со саннарш а…
– Уьш нуьцкъах бохуьйтуш бу, хьо хьайн лаамехь тӏаьхьагӏерта! – дуьхьало йира ӏумара.
– ӏумар бакъ лоь, – элира