Ирсечийн шорта ду беркат –
Буьзча а, уьш йууш бу.
Ткъа миска даймехкан бераш
Мацалла денна леш ду.
Ш. Петефи
Симсарара цӏа вирзича, цхьана минотана а мукъа вацара Къайсар. Гӏаттам гергагӏоьртича, Болатна зуда йалор сихдира цо. Болат йухагӏертара: «Со къийсамехь вожахь… Тӏаккха, стенна оьшу зуда? Цхьа жоьра зуда алсамйаккхий? Нагахь доьзалхо хилахь, бо дуьнен чу даккхий? Айзина, Эсетна, Ковсарна уллохь кхин цхьаъ декъаза зуда йитий?» – ойла йора цо.
– Хӏан-хӏа, Къайсар, ца оьшу. Вайн гӏуллакхах цхьа агӏо йаьлча а, кхуьур ву со зуда йало. Сан ткъе пхи шо бен дац. Кхуьур ву.
Ша бохучунна и тӏеверзо ницкъ ца кхаьчна, зударий тӏетийсира цунна Къайсара. Кхаа зудчо, цхьацца агӏор хиъна, цкъа доьхуш, йуха барт бетташ, тӏаккха боьлхуш, йукъаверзийна иза, эххар а берта валийра.
– Хӏан, дика ду, аш бохург дер вай, – ши куьг дӏасатесира Болата. – Зуда йалийчхьана, тоьу? ЦІа-цІе, ков-керт а ца йеза? Вай мича йуьгу иза?
– Соьца ӏийр ду шу! – элира Айзас.
– Хӏан-хӏа, хьо шина кӏантаца готтехь йоллу, со йолчохь ӏийр бу хӏорш! – сацийра иза Ковсара.
– Шуьшиннан-м шишша бер а дара, ткъа сой, Мохьмаддий тхаьшша, убарш санна, доллу, – бохура Эсета.
Кхаа зудчун къийсамашка ла а дегӏна, царна йуккъехь маслаӏат дира Къайсара.
– Гора, зударий, йаӏ! Ма дуьйцу-кха аш, дийца ткъа! И Деши шу лардан йогӏу, моьтту шуна? Шайн цхьацца цӏа бен цахилар дицдина. Йетт эцале, кхаба эцна бохург ду аш дуьйцург. Цкъа хьалха и Деши вайга йан реза йуй хьовса вай? – забар йира Къайсара.
– И хӏунда ца йогӏу?
– Тхан кӏантал хазаниг мичахь ву?
– Ирча ву, сакхат ву?
– Къонах вац?
Къайсар а, Болат а гӏадвахана воьлура.
– Вац, дера, шуьга хаьттича-м, хӏокхул хаза а, дика а къонах. Амма Дешина муха хета-те?
– Везаш леш йоллу!
– Мел хазахета цунна тхо гича!
– Вайн кӏант хьахийча, йеший, дӏайолу-кх!
– Ой, и гӏуллакх аш ма-дуьйццу делахь-м, ӏойла а ма дац! – элира Къайсара.
Берриг тохабелла, оршот буса Болатна Деши йалийра цара. Йоьӏан дас, хабарш ца дуьйцуьйтуш, атта дерзийра хӏокхеран гӏуллакх. Йоссо нехан эвла а ца йигийтира. Къоначийн цӏенош кечдаллалц, Къайсаргӏаьргахь дитира нускал. Там а ца баьккхира Даргас.