Мохьмада.
Бугӏанаш хӏиттинера. Дукха ницкъ хилла, пхенаш цӏийделла, схьалелха санна, къаьрзинера бӏаьргаш. Шуьйрра гӏаттийначу багош чуьра дехийчу соьзашца охьаоьхучу шеташий, чопаший некъан бохалла дуткъа ши тача дуьтура. Ирхех хьаладовла дукха некъ ца бисинера. Амма некъан шоралла дӏасаихначу оцу пепнийн орамаший, стомма мотт буьллуш охьадилхинчу ширачу гӏаший ницкъ бора. Орамаш тӏехь йетталуш, безачу мохьа кӏел цӏийзара тиша дечган ворда.
– Озайе! Озайе!
Амма цаьрга ворда хьалайаккхалур йу бохург аьттехьа а дацара. Бугӏанаш цкъа вовшашца дукъ къийса хӏиттира, тӏаккха Чӏама, мотт а баьккхина, гора йуьйжира. Оьгӏазваханчу ӏумара, йуткъа йуьхьиг лаьцна, сара хьаькхира цунна, бетах тухуш, лергех тухуш, шина маӏанна йуккъе тухуш. Кӏелйисинчу бугӏано корта дӏасахьийзабора, кхин дуьхьало йан йиш йоцуш.
– ӏуми, ма йеттахьа цунна! – мохь белира Мохьмадан, ши бӏаьрг хих а буьзна.
Йа, шех дог лезна, кӏанта хьаькхначу маьхьаро самайаьккхира а хаац, йа Іумаран къизалла тӏехйаьлла, дуьхьалонна гӏеттира а хаац, мухха делахь а, цӏеххьана, тохайелла, хьалаиккхина Чӏама, дукъ хьовзийна, йуьстахара дукъарц кагбина, дуьхьлоцу а хадийна, маьршайаьлла, хьуьна чухула дӏатаьӏира.
Цунна тоха дагахь дара а хаац, вордан тӏера диг схьа а эцна, бугӏанна тӏаьхьахьаьдира Іумар а.
Мохьмадца цхьа йисина важа бугӏа, чопашца багара охьаоьхучу шетех лаьттахь жима Іам хӏоттийна, чож детташ, шен цӏийбелла ши бӏаьрг гӏийла кӏантана тӏе а боьгӏна, лаьттара. Мохьмада, тӏе а вахана, цуьнан йоцачу маӏех хьарчийначу дуьхьалоцех йисина йуьхьиг схьа а йаьстина, вордан тӏера таьлсаш схьаэцна, царна чу тесира. Ворта агӏор саттийна, кӏанте а хьаьжна, корта ластийра бугӏано. Схьахетарехь, халла тасабелла лаьтта дукъарц, цо корта ластийча, тхьамсин Іуьргара дӏаиккхира. Йоьттинчу ворданан ӏаьршаша охьаозийна дукъ, бугӏанан кочара охьа а даьлла, лаьтта дуьйжира. Маьршайаьлла бугӏа, цкъа-шозза йега а йелла, новкъа хьалайолайелира.
– Вохьа, мӏаьла, мӏаьла! – тӏаьхьахьаьдира Мохьмад.
Амма бугӏа йуха ца йоьрзура. Мохьмад хьалхавала гӏоьртира цунна, амма важа, шен деза дегӏ лестош, цкъа боларе, тӏаккха