йукъахваьккхира чӏогӏа неӏ тӏе а тухуш чоьхьаваьллачу Мохьмада. Чухула бӏаьрг тоьхна, шена тӏаьхьа чувогӏуш стаг вуйла а хьаьжна, тӏевеана, Къайсаре доьхкаран мотт кховдийра цо.
– Хӏара хӏун йу? – цецвелира Къайсар.
Мохьмада, цкъа ара а хьаьжна, неӏ йуххе тӏечӏагӏйира.
– ӏарчхел дехьахь, цхьана ирзехь… цхьана стага белла соьга иза. Хьоьга ло аьлла. Йуькъа, ӏаьржа маж йаьлла, хьан хенара вара иза, – сихвелла дешнаш схьаӏанийра кӏанта.
Дато мотт карахь дӏасахьийзош ӏачу Къайсарна цунна тӏехь шен цӏе гира. Хӏара хӏун ду? Хонкара воьдучу Коьрина совгӏатна цо деллачу доьхкаран мотт бу-кх хӏара!
– Мичахь ву иза? – хаьттира цо, вагийча санна.
– Хӏолламийн кешнашкахь ша хьоьга хьожуш ӏийр ву, элира…
– Цхьаьнгге дийциний ахь?..
Мохьмадан бӏаьргаш чохь оьгӏазе ткъес кхерстира.
– Со зудабер ду-м ца моьтту хьуна, – шен жима корта агӏор саттийра цо, – эладитанаш айбина лела? Ас-м йа Болате а, йа Іумаре а ца дийцина.
– Борз йу хьо, Мохьмад, хьо ма-йарра борз! – кӏентан белш тӏе куьг туьйхира цо. – Варийлахь, цхьаьнгге багах ма даккхалахь хьайна иза гар.