– Йа Аллахӏ, хӏай веза Дела, Хьо хууш, гуш ву-кх тховса тхан арадовларан бахьана. Дуьненан дохно дузийна, майралла тӏехйаьлла, ирсо хьерадаьхна ца девлла-кх тхо хӏокху новкъа. Адамна зулам дина, адамашна зулам дан ца гулделла-кх тхо, къуй санна, буьйсанна тхешан мехкан кху акхачу ирзо тӏе. Тхан синойх синош доьзна, тхох хиндерг цахааро хьере бина дай-наной, доьзалш, кегий йижарий, вежарий битина, даьхкина-кх тхо. Мацалло, къоьлло бӏарздина, ӏедало тхаьшкахь даллочу ӏазапо, йечу харцонаша собарх даьхна, арадевлла-кх тхо. Нехан махка бахана, кхечу къоман цӏийн тӏадам ца баьккхина тхан дайша, нехан мехкан коржам шайн дола ца йаьккхина тхан дайша, кхечу къоман маршонна тӏе куьг ца даьхьна тхан дайша. Лулахошна йамарт ца хиллера тхан дай, цаьрга бала беъча, байбан гӏиртинера уьш, цаьрга дика деъча, баккхийбийнера уьш, вон деъча, билхинера уьш. Шен махкахь хьийзориг, шен махкара эккхийнарг, гӏийланиг, мисканиг – бусалба а керста а – тӏелоцуш, цуьнца сискал йекънера тхан дайша. Тхешан ницкъ ма-кхоччу оьзда хила, тхешан ницкъ ма-кхоччу хьанала хила, къинхетаме хила гӏиртинера тхо, тхешан махкахь ӏазап мича къиношна доссийна хаац-кх тхуна. Нагахь оцу ӏазапна тхан халкъ бехке хиллехь, оха лайнарг тоьур дара-кх абаде абадаллалц оха летор долу къинош эца а. тоьур дац ткъа тхан хӏаллакьхилар, дуьне мел ду даржийна, даймахке сатуьйсуш тхан лелар…
Тхо ӏазапах маьршадахахьа, латта а йухадерзадехьа тхуна, хІорда чохь тӏадам санна, гӏамарийн арахь гӏамаран буьртиг санна, кӏезиг, гӏорасиз гӏевттинчу тхуна ницкъ лохьа хӏокху паччахьан ӏедалан къизачу ӏазапах маьршадовла. Тхан доӏина жоп лолахь. ХІокху гӏийлачу наха, Хьан лаамца цӏе тоьхна, шайн коьрте хӏоттийначу суна хӀокхеран тешам кхочушбан ницкъ а, кхетам а лолахь. Сан даг чу харцо, оьгӏазло ма йоссайелахь, нийсонна айдина куьг чӏагӏделахь, харцонна боккху ког йухаозалахь.
– Амин!
– Сан даг чу йамартло, кӏиллолла йоьссинчу минотехь, хӏара хаьлжаг сан карара йоьжначу дийнахь сан ӏожалла йелахь! Йа Аллахӏ, гӏо делахь тхан бакъонан гӏуллакхна!
И хьурмате миноташ дӏайевлча, говрахь гонна йуккъе а ваьлла, нехан йаххьашна тӏехула