Доьху шуьга халкъо!.. Цкъачунна доьху!
Амма и, къийсамна гӏаттахь, кхераме ду!..
Ш. Петефи. Халкъан цӏарах
Тахана, даим санна, сапаргӏат шен полкан гӏуллакхаш луьстуш канцелярехь ӏара гӏашлойн 80-чу Кабардински полкан командир, флигель-адъютант, полковник Михаил Иванович Батьянов.
Мукъачу хенахь а, дӏасаваьлла, самукъадаккха меттиг йацара жимачу Яркхсун йисттехь, даим малхбалехьара схьахьоькхучу хӏордан махо лоькхуш, шерачу арахь лаьттачу хӏокху Хаси-Юьртахь. ГІопера араваьлча, шина а агӏор, цхьа а низам доцуш поппаран кибарчигех хӏиттийначу лохачу цӏенош йуккъехула хьийзачу гомийчу урамашка нислора. Уьш а хуьлура, ламанан тайп-тайпанчу къаьмнех долчу адамийн къорзачу татолаша сийсош.
Шайх Мансуран зама дӏайаьлчхьана, машарехьа бирзина, кхузарчу кхидолчу къаьмнашна йукъахь ӏер-дахарца мелла а гӏоле болчу меттигерчу гӏумкашлахь гора сагӏа деха а, базарна а, пхьоланна а баьхкина тайп-тайпана ламанхой. Месала хуцӏара куйнаш коьртахь, йехачу кетаршна тӏехула йаккхий шаьлтанаш йихкина дегӏастанхой а, мел шаьш къелла къикъбоьлла белахь а, тоьллачу герзашца кечбелла, шаьш гайта а, нах ган а баьхкина нохчий а. Оцу къорзачу тобанах цабешаш, цунна тӏехула хьуьйсуш лела совдегарш а, мещанаш а.
Амма кхин ду полковникан синтем байъинарг: тӏом. Стохка дуьйна Балканашкахьа а, Закавказьен дозанашка а тӏеман ницкъ дӏауьйзура правительствос. Батьяновна бевза дуккха а эпсарш бу цига дигначу эскаршца. Ткъа селхана Турцига тӏом хьебина Россис. Тӏаме ваха атта лаац цхьанне а. Дика-м, дера, хӏокху къорачу кӏаженгахь паргӏат ӏер ма дара. Амма, шена бевза дуккха а эпсарш фронте дӏа а хьовсийна, кхузахь деш хӏумма а доцуш, сагатлуш вахар а дика ца хетара цунна. Цул сов, жимма а тӏамехь билгалваьлча, шена инарлин чин даларе догдаьхна ца ӏаш, цунах тешна а вара иза. Шеко йацара, туркойн фронте бахана чинехь цул лахара а, цуьнга нийсса а эпсарш, лакхабевлла, цӏабоьрзург хиларан…
Гӏушлакхе баьлла, корах чухьоьжучу бӏаьстенан малхо цхьа тамехь бохбора полковникан шуьйра букъ. Стоммачу вортанан чкъор шалхаихначохь хӏиттинчу хершнаш чохь хьацар къегара.