Аса бузош боцурш дерриге а меца дуьсур ду шу, цундела дехийша Соьга шаьш дузадар - Аса дузор ду шу! Хӏай, сан лайш! Аса тӏедухун боцурш дерриге а дерзина дуьсур ду шу, цундела дехийша Соьга шайна тӏедохар - Аса тӏедухур ду шуна! Хӏай, сан лайш! Боккъалаъ, къинош хьерчош ду шу буса а, дийнахь а, ткъа Со дерриге къиношна гечдеш ву, цундела дехийша Соьга гечдар - Аса гечдийр ду шуна! Хӏай, Сан лайш! Боккъалаъ, шуьга цкъа а Суна я зен а далур дац, я пайда а балур бац! Хӏай, Сан лайш! Шух уггаре догцӏеначу стеган дагах терра шух хьалхарниш а, тӏаьхьарниш а, адамаш а, жинаш а догцӏена хилча, - цо хӏумма а сов доккхур ма дацара Сан долуш долучул а! Хӏай, сан лайш! Шух уггаре догвон волучу стеган дагах терра шух хьалхарниш а, тӏаьхьарниш а, адамаш а, жинаш а догвон хилча, - цо хӏумма а эшор ма дацара Сан долуш долучух! Хӏай, сан лайш! Шух хьалхарниш а, тӏаьхьарниш а, адамаш а, жинаш а цхьана метте дӏа а хӏиттина, цара Соьга (муьлхха а хӏума) дехча, Аса хӏоранна а цо дехнарг дала а делча, - цо Сан долучух эшор ма дацара хӏордана чу ӏоьттиначу мехо (оцу хӏордан хин дукхаллех) эшшочул бен! Хӏай, Сан лайш! Боккъалаъ, уьш - шун ӏамалш ю, Аса шун дуьхьа хьесап деш йолу. Цул тӏаьхьа Аса царна тӏера хьакъ дерг дуьззина шуна дӏалур ду. Тӏаккха диканиг карийначо - Аллахӏана хастам бойла, и доцу кхиниг карийначо - ша воцучунна цхьанна а бехк ма буьллийла».