Анаса (Аллахӏ реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла:
«Веза-Сийлахьчу Аллахӏа аьлла: «Хӏай, Адаман кӏант! Боккъалаъ, Аса гечдийр ду хьуна, ахьа хьерчийначу къинойн (дукхаллин) тидамаза - хьо Соьга кхойкхуш мел ву, Соьга сатуьйсуш мел ву. Хӏай, Адаман кӏант! Хьан къинош кхачахь (шайн дукхаллина) стигалан мархашка - тӏаккха а, ахьа Соьга гечдар дехахь, Аса гечдийр ма ду хьуна. Хӏай, Адаман кӏант! Нагахь хьо Суна дуьхьал вагӏахь, ша дерриге латта дуьзина къинош а дохьуш, амма хьо Суна дуьхьал кхетахь, Соьца накъост нисйина цхьа а хӏума а йоцуш, - Аса, хьуна билггал гечдар лур ма ду, и дерриге къинош дӏахьулдеш долу»».