дуьхьал охьахиира иза. Шен голаш цуьначух хьакха а йолуьйтуш, шен куьйгаш шен хенаш (вареш) тӏе а дохкуш, цо элира:
«Хӏай, Мухьаммад! Ислам-дин довзийтахь суна».
Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Исламан дух - ахьа тоьшалла дар ду Аллахӏ бен кхин Дела ца хилар, Мухьаммад - Аллахӏан элча хилар, ламаз дар ду, закат даккхар ду, Рамазан беттан марханаш кхабар ду, хьаьж дан хьаьжцӏа вахар ду, нагахь хьан и дан таро елахь».
(Оцу стага) элира: «Бакъдерг дийци ахьа». Ткъа оха тамаша бира, цо, (пайхамаре) хеттарш а деш, цо аьлларг бакъдарах!
(Цул тӏаьхьа) цо элира: «Ткъа хӏинца иман довзийтахьа суна».
Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Иманан дух - хьо тешар ду: Аллахӏах а, Цуьнан маликех а, Цуьнан Жайнех а, Цуьнан элчанех а, тӏаххьарачу (къематан) дийнах а, (иштта) хьо доьгӏначух (Делан къадрах) тешар а ду, дикачух а, цуьнах санна вончух а».
Цо элира: «Бакъдерг дийци ахьа». (Цул тӏаьхьа) цо элира: «Деган цӏеналла (ихьсан) йовзийтахь суна».
Пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Деган цӏеналлин (ихьсанан) дух - ахьа Аллахӏана лолла дар ду, хьайна И гуш волуш санна, хьайна И гуш вацахь а, боккъалаъ, Цунна хьо гуш хилар хуущ (хаддаза дагахь а латтош)».
(Цул тӏаьхьа) цо элира: «(Ткъа хӏинца) оцу Сохьтах (Къематдийнах) дерг довзийтахь суна».
Пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Шега хоьттуш верг-м вац, цуьнах лаьцна ша хоьттуш волучул а сов хууш».
Цо элира: «Делахь-хӏета, цуьнан билгалонаш йовзийтахь суна».
Пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: («И Сахьт гергадаран билгалонех хир ду) – гӏарбаш-зудчо шена эла яр, иштта хьуна гар а - (кога духа доцуш) когаш берзинарш, (тӏе духа доцуш) догӏмаш берзинарш, таро йоцу жаӏуй, шайн хӏусамаш лакхаяхарехь вовшел а сов бовла гӏерташ».
(Цул тӏаьхьа) и стаг дӏавахара. Цхьа (кхо де) хан яьлча, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Хӏай, ӏумар! Хьуна хаьий, и хаттарш хьан дира?».
Аса элира: «Аллахӏана а, Цуьнан элчанна а дикаха хаьа оцу хьокъехь дерг».
(Тӏакккха) цо элира: «Боккъалаъ, иза - Жабраил дара хьуна, шуна шайн дин ӏамон деана!»»