— Эхӏ-хӏай! Со сихвелира! Со сих ца веллехь! — ша́-шена ре́за ва́цара кӏант.
Жимма ӏийна меттавеира иза, гаьннаш тӏехь кхин а хьозий а хааделла.
— Хӏумма а дац, ас бийр бу шун болх! — бо́хуш дов дора кӏанта, кхе́чу хьо́зана тебаш, ӏад а хьежош.
Миска кхинарш хьо́заий-м охьа хуьйшура кӏантана хьалхха бо́хург санна, хӏума а шайна кхерам бу-бац а ца хууш.
Бесланас цхьа бӏаьрг хьаббой хьажадеш озадора ше́н буьрсачу ӏодан пхе́наш. Хӏо́ра моссаза кхуссу а ӏад нийсатохан Ӏе́маш лаьттара кӏантана. Цо-м дера чӏо́гӏа дозалла дора, рогӏера хьо́за кхераделла тӏепаза дайча. Тӏулгаш кха́чийна иза вахара ке́тӏарчу жагӏа боьхкинчу новкъайистте. Киснаш дуьззина горга тӏулгаш а дохьуш вухавеира иза кестта беша.
— Хӏинца-м шадолчу дуьнентӏехь мел долчу хьо́зана тоха а тӏулгаш дара соь́гахь! – ше́н тӏулге дусаделлачу киснашна тӏе куьг деттара кӏанта.
Боккъал а волу иччархо санна вара иза хӏинца. Когбайбина воьдура иза бешана йуккъехула. Цӏаьххьана схьахьожура и, буйнахь озадина ӏад а до́луш диттана тӏехьара. Луларчу ӏожана йа кхорана диттах-м нийса кхе́тара Бесланас ше́н ӏодаца кхоьссина тӏулг, амма хьо́зана хӏинца а цаӏӏаза а ца кхетте́ра цуьнан.
Цхьадика, хӏокхунна ге́на доццуш ӏожан диттана аьхкинчу гонна тӏе цӏаьххьана охьахиира боккха кӏайн масс йолу кхокха. Латта аьхкинчохь шена кхалла нӏаьна карор бац техьа, аьлла хиинчух тера дара и кхокха-м охьа. Амма нӏаьнан метта кӏанта ницкъала озийначу ӏодара баьлла беъна горга тӏулг кхийтира кхокхана тӏам а, корта а ло́цуш.
— Хьо́зана ца кхе́тахь а, хьу́на-м кхе́тар ду хьу́на сан ӏад! – самукъадо́луш ша́-шега мохь э́лира кӏанта.
Ткъа кхокха лозийна бӏарзбелла ша́ ӏаччохь хьаьвзира. Ша́ хӏун леладо ца кхе́таш, ирх баьлла кӏелхьара ба́ла гӏертара иза, ше́н оллабелла тӏам лозошшехь иза ластон а гӏуртуш. Амма цхьа тӏам бен меттаха ца болура, ткъа кхокха цхьана тӏо́маца хӏаваэ ца ба́лалора. Ша́ лозор а дицдина бетталора кхокха, хазахетта мохь аьлла кӏант шена чухьадича. Кхокхана-м моьттура иза шена кхин цкъа ӏад тоха тӏехьаьдда.
Тӏевеъначу кӏантана улло́хь гира мискачу кхокхан кхерабелла ши бӏаьрг! Улло́ра гира, кагбелла ирча разбаьлла тӏам! И кхокха хӏинца тера ба́цара хаза тӀе́маш а лестош хӏаваэхула лелачу кхокхех! И миска кхокха ба́цара хӏинца тера книгашна тӏера суьрташ тӏехь хаза куц до́луш болчу кхокхех а.