Исс корта божийна иччархо ваьллера,
Ткъа хӏинца ницкъа эшна висинера иччархо.
Оцу хенахь бабин йоӏ кӏайн гӏабли лепаеш,
Хӏоьттира кӏантана гӏо хуьлуш ша улло!
Ир-кара хӏоьттира везаргана майра дог,
Чухьаьдда баьккхира цо, тур тоьхна шиъ корта,
Болатан шаьлтанца ийцира тӏаьххьарниг
ӏазапехь лаьттина и йарташ мукъайаьхна,
Дог майра иччархо вирзира йезарца
Шен хазачу хьуьнайистте маьршачу лаьмнашка!
Бабин йоӏ йалийна, шен дикачу хӏусаме,
Ваха ша хиира дог майра иччархо!
Уггаре хаза нускал — бабин йоӏ ма йара!
Уггаре дика кӏант – иччархо ма вара!
Нохчийн пешана хьалха цӏеран ловзаро йуьхь сирла йохуш, бабина улло дӏанисвелла туьйране ладугӏуш ӏара Дана.
— Хазахийтин хьуна туьйра, Дана? – хаьттира бабас кӏанте, тӏаьххьара дешнаш аьлла жимма хан а йалийтина.
— Баба! Шийтта корта болуш муха хир бу саьрмак? – хаттарца жоп делира кӏанта.
— Иштта цхьана дегӏатехь шийтта корта хирг хир бу-кх, — элира бабас, кӏентан коьртах дайн куьг а хьокхуш.
— Дукха дац и кортош? Уьш-м чӏогӏа буьрса хилан деза, — цецвийларца ойла йора Данас.
— Дера деза дукха буьрса хила-м, — шена жима йолуш туьйранахь дуьххаьара шийтта корта болу саьрмаках хезича, мел инзаре хетара дагадеара бабина. Вало, сан диканиг, хьан дӏавуьжу хан тӏекхаьчна. Аса чохь мотт биллина хьуна, — элира бабас, хьалагӏатта а гӏуртуш.
— Баба, вайн чохь-м бац и шийтта корта болу саьрмак? – хьалагӏатта йоьлла баба йухаозийра кӏанта.
— Бац дера вайн чохь-м саьрмак! Саьрмакаш туьйранахь бен ца хуьлу! Вало чу доьлху вай!— йелакъежиш элира бабас.
Амма кӏант гӏатта реза вацара, цуьнан дог-ойланца туьйра а, дахар а цхьаъ дара. Баба цунах кхийтира. Ткъа муха майра ваккха везара кӏант?
— Собардел хӏета, баба хӏинцца схьайогӏу, — олуш баба чу йахара.
Жимма хан йаьлча иза йуха а рагӏукӏела йухайирзира, буйнахь Воккхададин детих кхелина жимах йолу шаьлта а йохьуш. Жимчу кӏентан гӏодайуккъе йихкира бабас шаьлта:
— Хьо-м дог майра иччархо санна къонах вай! Кхоьруш хилар доккха эхь ду къонахчунна! – олуш.
Жимчу Данас шен буйна лецира, шеца цхьа тамашена йовхо йолу, шаьлтана мукъ. Шех а боккъала ницкъболу иччархо тарвелира кӏантана.