Цхьана лекхачу лаьмнашкахь, цхьа́ а ца ӏачу йуькъачу хьаннашкахь, вовшах а кхетта, барзо а, цхьо́гало а, нӏаьно а сацам бина, бах, цхьо́гало хьехар а дина, шахьар йан.
— Муха йан йеза и шахьар? Уггар хьалха хӏун дан деза вай? — аьлла, хаьттина барзой, нӏаьной.
Цхьо́гало аьлла:
— Барзо хьуьнахара дечиг дахьар ду, аса стигала кӏур оьхуьйтур бу, ткъа нӏаьно ӏуьйранна, кхойкхуш, массо а самавоккхур ву. Тӏаккха на́хана йуккъехь, вай шахьар йиллина, аьлла, даьржар ду.
Шолгӏачу дийнахь Борз хьуьнах йахана дечиг даккха, ткъа цхьо́гал, нӏаьна схьала́ца гӏерташ, цунна тӏаьхьайаьлла. Нӏаьна кӏелхьарайаьлла, амма цхьо́галан багахь цуьнан цӏога дисина.
Схьакхаьчна Борз, мор буьззина дечиг а дахьаш. И охьа а тесна, дӏахьаьжча, дитта тӏехь нӏаьна гина цунна цӏога а до́цуш.
— Ой, хьу́на хӏун хилла? — аьлла, цецйаьлла Борз.
Нӏаьно хилларг дийцича, оьгӏазйахана Борз, цхьо́гална тӏе а кхетта, цуьнан хаза де́ха цӏога схьадаьккхина. Цунах дедда кӏелхьарадаьллачу цхьо́гало мохь тоьхна, бо́ху:
— Вада́дай! Вай иштта вовшийн цӏоганаш ийзадахь, цкъа а шахьар йийр йац-кх вай! — аьлла.