йа́лийтира, Ахьмадана шена а ца хаьара. Мухха а делахь а, цо неӏ дӏа-йиллина — дуьне серладоккхуш, чӏо́гӏа исбаьхьа а, хаза а нур а́ракхетта цу чуьра. Цу чохь Ахьмадна гина паччахьан дуьненахь уггаре а хазачу йоьӏан дашо сурт. Цуьнан хазаллина а, хазачу нуьрана а Ахьмад чӏо́гӏа цец а ваьлла, кхера а велла. Цо сихха неӏ дӏа а чӏагӏйина, до́гӏа дӏатоьхна.
Ахьмада сихха неӏ дӏачӏагӏйина, до́гӏа тоьхнехь а, ӏаьржачу э́лана хиъна, цо неӏ дӏайиллиний а, цо и йуха дӏачӏаьгӏний а, хӏунда аьлча, Ахьмада неӏ дӏайиллинчу хе́нахь, цу чуьрчу паччахьан йоьӏан дашо суьртан нур цӏа чуьра а́ракхетта. Цул тӏаьхьа дукха ца ӏийна ӏаьржа э́ла тойнехь, сихонца цӏа веана иза.
Ша́ цӏа веанчул тӏаьхьа, хьем ца бина цо Ахьмадна таӏзар дан, цхьана а адамана ца хоуьйтуш, шешан бешарчу гӏу чу кхоьссина цо Ахьмад. Ур-атталла Хьасанна а ца хиъна, Ахьмад стенга вахана. Хьасана э́ле хаьттина:
— Да́да! Ахьмад стенга вахана? — аьлла. ӏаьржачу э́ло доцца аьлла:
— Ца хаьа су́на, Ахьмад стенга вахана.
Цул тӏаьхьа ши-кхо де а даьлла, Хьасанна Ахьмад Стенга вахана ца хууш. Цкъа бешахула са а гатталуш, Ахьмадан хьокъехь ойла а йеш, волавелла лелаш хилла Хьасан. Гӏу йуххехула тӏехволуш сецча, цунна хетта, цу чохь цхьа адамо узар деш санна. Гӏу йисте а вахана, цу чу хьаьжча, цу чохь цунна гина, тӏулгаш тӏе охьа а хиъна, воьлхуш ӏаш, мацалла а, милла а валла воллуш, чӏо́гӏа гӏелвелла а, беса а шен ваша Ахьмад. Иза воьлхуш хилла, гӏара ца волуш, меллаша.
— Ахьмад, хьо гӏу чу муха воьжна? Хӏара хӏун ду? — хаьттина вашас.
Ахьмада аьлла:
— Хьасан, со гӏу чу вожа ца воьжна, эло кхоьссина. Элана хаале, дӏавала кхузара, ахьа сан терго йо, аьлла, хьо а хӏаллаквийр ву цо.
— Со кхузара дӏавер вац, хьо гӏу чуьра хьала ваьккхиний бен. Ахьа собар делахь, Ахьмад, аса муш бахьар бу, — аьлла, ваханчу Хьасана муш беъна. Муш гӏу чу а кховдош, цо аьлла:
— Ахьмад, дӏалаца муш, хьалавала сихха.
— Хьасан, со кхоьру элах, ма ваккха со хьала, цо ший а вуьйр ву вайша. Хьо висар а йара- кх гӏоле.
— Вехь, ший а вуьйр ву цо, ца вехь, ший а дийна вуьсур ву, хьалавала хьо, — аьлла, Ахьмад гӏу чуьра схьа а ваьккхина, аддамана хуу доцчу меттехь, бешахь, цунна меттиг а кечйина, къайллах цунна дуург-мерг а латтош, кхобуш хилла Хьасана шен ваша. Иштта масех шо дӏадаьлла.