Дуьххьара некъан гола туххучохь гӏийла кхевлайелира Мовлин говра ворда.
Хьун-м мел йоккха йелахь а цигахь дац урамаш, хьо дӏасаийзаван, цигахь хьуьнйуккъехь йу-кх бакъйолу маршо! Хьайна луъъучу вахан йиш йу хьан, лаахь цхьанхьа а ца вахан а, ӏилла хьайна диттийн йалсаманехь, аьхка бецашна, диттийн гӏашна йуккхехь керчаш, садоӏуш.
Хӏара хьаннаш-м Мовлина цхьа а ӏандаркъа ца хилчи а дика йевзира, хӏорш а кхарнна тӏехьара лаьмнашка хьалахьаьвдда раьгӏнаш тӏера хьаннаш а. Дийнахь сарралца гулбира хӏокхара маьӏ-маьӏӏехь хӏинца а ӏуьллуш ло а долуш хьуьнайуккхехь хьонка. Оцу тӏехь хӏокхерн дика аьтто а белира, делахь а хӏорш шайн йуьрта цӏакхаьчча арахь лахара шело а йолуш ӏаьржа буьйса йара.
Кхин новкъахь а, шаьш цӏакхаьчча а шайн хьешан цӏе ца йаьккхира хӏокхара.
Кӏира а сихделла тӏехтилира, базаран де а тӏекхечира, ӏуьӏре а тӏехтилира, суьйре а тӏекхечира, буьйса гӏоьртира тӏе, амма Мовлин хьаша-м вацара тахана кхочуш, массарна а тамашена а хеташ цуьнан кӏайн вир ца гуш уьйтӏахь, суьйренца цо шен цӏогӏне йиша а ца локхуш, сийна бецах йа йоллах церг тоьхначул тӏаьхьа.
Кхин цхьа кӏира а тӏехделира, бутт а, амма хьаша-м вацара Мовлина вогӏуш. Массарна а вицвелла вогӏура лакхарчу йуьртара хьаша, хьаьжкӏийн гӏад маждала долалуш хана йара. Цхьана базаран дийнахь суьйренца Мовлин кетӏа кӏан вир хӏуттуш. Хьалха санна хецна чу ца догӏуш, хӏусамдас хӏун олу техьа, бохуш лаьттара вир а, виран тӏехь верг а.
— Ассаламӏалайкум, хьаша тӏеоьций аша! – хезира цхьаа гӏуллакхна-м уьйтӏа ваьллачу Мовлина кевнал арахь.
— Ваӏалайкум салам, хьаша Делера ву! Оьцу дера, ьа чу лалла хьайн вир-бӏорз, — вир хастош дуьхьала волуш ков диллира Мовлас.
Диллинчу кевнаха чухецаделира вир-м. Шен Тӏера бере воьссаний-воссаза вуй аьлла хетачу хенахь лалладелла шен дика девзаш долчу хьаьвдина йистте дӏатарделла ш йеден цӏа кхаьчча санна, паргӏатаделира иза. Вир шен метте дӏанисделча Мовлас кхин хье ца деш, дӏадехка а ца гӏуртуш дитира иза. Рагӏуна тӏехьа уьйтӏана геннарчу сонехь тӏехь лаба а йолуш, лаьттачу хьаьвдана чохь и дуьззина йиллина йол а йара, йисттехь гунна чохь хи а дара. Кхин хӏун оьшу виран кӏеззигчу ирсана?