Оцу наллана кхетара йарий хьан топ!» – Салавдин дешнаш хьаьвзира ӏандаркъин коьрта. Куьйг хьаькхина кера ийцира цо шен йоца пхоьаза йолу топ. Цхьана буйнахь топ а йолуш тӏеозийра цо шен гӏовтал, кога озийра мужги эткаш. Экхахь санна тебина вагӏара къонах хьаьжкӏийн керта. Меллаша цхьана куьйга шен бӏаьргашна хьалхара гӏодмийн луьйдагаш тоьттуш, ког байбина воьдура иза гӏодмаш кегдеш йаьккхинчу гӏовгӏна тӏе.
«Гар-р-ров! Гов-в! Гов-в!» — аьлла йуьйлучу тоьпан гӏовгӏа йелира гӏадмийн кертахь.
«Суна-м хьаара хӏара иштта чекх дера дуй! Со-м сайн ма-хуьллу дьуьхьалагӏиртира!» — бохуш санна бага а гӏаьттина жимма арабаьлла мотт а болуш ӏуьллура чохь са доцу миска кӏайн вир, ӏандаркъа, улло вахана ша йийна «налла» мелла онда йу хьажан воьлча.
— Хӏун хилла цигахь, ӏандаркъа! – гӏодмаш а эгадеш ведда вогӏура Мовла, цуьнан кӏант Мансур а велира тӏаьхьо гучу, буйнахь чиркх а болуш.
Ша топ тоьхна дийначу кӏайн виран тӏе хӏоьттина лаьтташ гира царнна шайн хьаша.
— Хӏун ди ахьа! Ахьа туьйхи цунна топ? Муха нисдели и! Хьайн вир ца девзира хьуна? – воьхна хаьттира Мовлас.
— Дера ца девзи-кх… Хьалавеъча хьаш а ца вевза! Охьавеъча сайн вира а ца девза! – ша-шена кхел йеш, элира ламарочо.
ӏуьйрана анайист цӏен йеш гӏаьттинчу малхаца, гӏаш хьалаволавелира Мовлин хьаша, шайн лакхахь ӏуьллачу йуьрта вахан.
— Говрахь кӏанте дӏакхетавайта хьо! – аьлла Мовлас хӏоттийначу гӏиллакхана дуьхьала гӏиллакх хӏоттош дьухьало йира цо.
Цул тӏаьхьа кхин ца хаавелира Мовлина ӏандаркъа базарахь а, хӏокху йуьртахь а.