Малх-м дика айбеллера базара воьдучу ӏандаркъин. Говрахь а дикка гена некъ бара базар хӏуттучу йуьрта, ткъа вирахь-м и вир кӏайн басахь делахь а, гено йар-кх. Виран болар, амалаш йевзаг верг сох дика кхетара ву. Ламарочуьнан вир а дацара шен кӏайн басах бен кхин къаьсташ кхечарах. Мел чӏогӏа шена шед, йеттарх, шен деха кӏайн лерг дӏаухьура долуш. Болар хуьйцура долуш дацара хӏара вир а. Вирана дегбаам ца хилийта алан деза, цхьана меттехь хуьйцура о шен болар – цӏехьабоьдучу новкъахь. Кхин йолч меттехь вира дехарш дарах, пайда бацара. Ша ӏандаркъа а вацара кхин вирал башха сиха а. Базарахь кхин йохка-эцарца бала болуш а вацара хӏара. Дуьххьал дӏа базаран йуккъехь волалуш чӏогӏа самукъадолуш вар-кх къонах. Базаран де хӏора дийнахь хилча а, кӏордора дацара цунна дийнахь сарралц цу йуккъехь лелан. Цуьна йуьртахоша-м дикка шай-кай йоккхура, массийта гали хьонка а бохьуш дӏабохка. Ткъа хӏара-м вацара ур-аттала пӏелг пӏелгах дӏатоьхна хӏума дийра долуш. Шех терраниг хӏусамнана а нисйеллера хӏокхунна, кхин «хӏара де вай, иза де вай!» бохш майрачунна ша кӏорда ца йойтуш.
Цӏогӏне зӏаькардаьхнийн цӏе йолу йуьрта а кхечира ламро цхьана хеннахь, малх цецбоккхуш. Кӏотарахь-м вацара хаалуш дийна дегӏ а, шаберш а базара баханехь а, йа хӏара кӏан вирахь вогӏург гина дӏалевчӏинехь а. Лакхара йурт а, кӏотар а хинна аьру агӏора хинйисттехь ӏуьллуш йара, ткъа базар хуьлу йурт хинна аьтто агӏора ӏуьллура. Цундела ламаро ша кӏотарна тӏехваьлла мелла а гена ваьлча, берд лахлучу меттехь хих сехьавалан меттиг йоллучу кхечира. Вир-м чӏогӏа реза дацара оцу балхна. Нийсса некъахула-м гӏийлла шен ког боккхуш схьагӏертара и, амма хина чухула далар ца дезара дехалергаш долчнна. Масийттаза гӏоьртира кӏайн виран да шен ма доггах архаш озош вир хи долчу дерзон, амма цунах гӏуллакх ца хилира. Вир тӏера воссан дийзира вехачу ӏандаркъин. Делахь а, хӏун хала воссан дезара цуьнан, иштта а вара иза гӏаш вогӏуш санна, когаш хӏора гӏорзолах а тийсалуш вогӏуш. Мухха делахь а, виран тӏер воьссина йуьхь лацан дийзира хих волуш волучунна. Когара мужгийн эткаш а йаьхна, хечийн когаш а леккха хьалакарчон дийзира хих волуш.