Йо́гӏу и, къежйелла месаш,
Зе́загийн курс буйнахь къуьйлуш,
Хӏинца а кӏентан аз хезаш,
Хьомсара сурт сица къуьйлуш.
Хе́баршка йаханчу йуьхь тӏехь
Гуш йу-кха не́нан дог-ойла.
Кхоьлина, кӏант во́цуш йуххехь,
Сатуьйсуш кхин цкъа а гойла.
Йо́гӏу и сирлачу дийнахь
Везачу кӏантана хьалха,
Го́ра а йахана, тийна,
Бӏаьрхих ше́н дог ӏабош , йелха.
Дагахь ду ша́ аьлларг, къаьсташ,
Тӏаьххьара кӏант во́луш а́ра:
- Хилахь хьо къонахех къесташ,
Сан на́кха бу хьу́на хьа́рам.
И дешнаш диц ца деш, кӏанта
Кхалхарца баьккхира толам.
Ткъа тахна и хьоьжуш лаьтта,
Хилла шех мокхаза хӏоллам.
Кӏант волчу йо́гӏуш йу на́на,
Дуьненан баркалла дахьаш,
Шерашкахь мел лайна ба́ла
Белхабан ше́н кийрахь бахьаш.
Тахане вайн марша йоккхуш,
Ца дохош ша́ дина то́ба,
Кӏант воьжна на́на йу йо́гӏуш,
Гӏаттахьа сий деш, Европа!