Хаац су́на-м маца мичхьа байна
Бераллера и туьйранийн мохк?
Цкъа а су́на бӏаьрга ша́ ца йайна,
Хийла йезна, Чингӏаз бо́ху йоӏ.
Чатакхийна та́ча хилла техьа
Стиглахь йайна оцу йоьӏан лар?
Хийла вийлла со ворхӏ ло́мал дехьа
Амма цкъа а хилла дац и гар.
Хийла гӏе́нах лоьхуш цуьнан гӏа́ла,
Лоьхуш цо ше́н кӏудал йузу хи,
Дуй ас биъна: ца даа, ца мала,
Цӏа ца верза бӏаьрга ца гуш и.
Иштта хено шерийн йо́за йаздеш,
Воь́душ дийзи хийла хийца некъ,
Уойлайарца, Чингӏаз хилла йац-те́,
Маца йоьллур ас сайн ирсан неӏ?
Амма карий туьйранера гӏа́ла,
Ге́нахь до́цуш и хьо йе́ха цӏа.
Виси мотт а сецна, до́цуш а́ла
Дош а хьоьга, ахь дӏаэцна са.
Чингӏазӏ Чингӏазӏ Хӏай сан ирсан Аьзни!
Хьо хилла-кха хийла лехнарг ас.
Хьан хазалла су́на му́ха кхаьчна,
Сатийсинарг шега хийла да́с?
Хьан-м ца хилла олхазаран тӏе́маш,
Лаьттахь йе́хаш су́на хьо ма гин.
Амма бакъди ахь сан ирсан гӏе́наш,
Хьан безам бу велларг денво хи.
Хьо йе́хийла кху дуьненахь гӏоза,
Сайн туьйранех ахь тешийна со.
Хӏуттур варий-техьа ӏаьржа-Хожа,
Ницкъах тешна, соьца къовса хьо!