Маре гӏурриг хилла йолу цхьа йоӏ хӏор сарахь хитӏа йо́гӏуш хилла. Цкъа а, шозза а шовданчуьра пхьидо о́луш хезна йоӏана: «Ма хаза йоӏ йара хьо, докъаца кхоллам хир бацахьара».
Кхозлагӏа а шов дана тӏейеанчу йоӏана хезна хьалха санна пхьидо о́луш: «Ма хаза йоӏ йара хьо, докъаца кхоллам бацахьара». И хӏун ду те? — аьлла, ше́н де́га хаьттина йоӏа. Докъаца кхоллам хиллане хила йиш йац хьу́на, аьлла да́с, ше́н йоӏе. Цул тӏаьхьа дукха хан йа́лале цу эвлара дӏава́ла дагахь, кхечанхьа дӏаваха новкъаваьлла да́, ше́н йоӏ шеца а йо́луш.
Да́ а, йоӏ а дӏадоьду-уш хьуьнах йинчу цхьана йоккхачу гӏа́ли тӏе кхаьчна. Цу гӏа́ли чу ваха ков дӏаделла дагахь белаш гӏортийна да́с. Дӏаделлалуш ца хилла ков. Шозза а, кхузза а кевнах белаш гӏортийна да́с. Ков делла ца делла. Тӏейаханчу йоӏа куьйга дӏатеттина ков дӏа а диллина, гӏа́ли чоьхьа йаьлла. Да́ а́рахьа а волуш, йоӏ чоьхьа а йо́луш ков шашах дӏакъовладелла.
Шега ков дӏа ца деллалой хиъча, йоӏа, чу а йахана хьожуш, массо меттиг а теллина. Чухула лелааш, марчо а хьарчийна хӏинц-хӏинца велла дӏаволла кечвина цхьа стар гина йоӏана, меттахь ӏуьллуш. «Хаза йоӏ йара хьо, докъаца кхоллам бацахьара», бо́хуш пхьидо вийцинарг хьо хилла-кха», — аьлла, мозашна хӏума ласто кара цхьа хӏума а эцна, докъана улло́ охьахиъна йоӏ. Тӏехевшина мозий дӏа а лелхош, кхойтта шарахь дакъа самадо́лий те́ хьоьжуш лар дина цо.
Кхойтта шо дӏадаьлча, кел а́рахьа висина волу йоьӏан да́ велла, йоӏ а́райолу ларйеш ӏийна волу. Дейтталгӏа шо а доладелла йоӏа и дакъа хьалагӏотту лардеш. Дейтта шо кхо́чуш неӏ а йиллина хӏара йоӏ йолчу йеана гӏарбаш. Йоӏа аьлла гӏарбаше:
— Схьайолахьа, жимма, со чу йаллац кхунна тӏе хиъна моза-хӏума хӏара гӏа а ластош дӏайаккхахьа со сайн да́ ке́тӏахь вуй а хьаьжна чуйо́гӏу хьу́на.
Иза арайаьлла цхьа ах сахьт хан йа́лале дейтта шо чекх а даьлла, дакъа самадаьлла. Парбаша аьлла самаваьллачуьнга:
— Хӏокху дейтта шарахь тӏе моза ца хоуьйтуш, гӏа лестош хьу́на улло́ а хиъна ӏий-кх со.