– Кӏентий! Шуна дика хаьа, имамна тӏаьхьа а хӏоьттина, кху суьйлийн лаьмнашка со сайн са дадийна ца веанийла. Вайн ницкъ ца тоьи вешан маршо, латта ваьшкахь сацо. Амма вайх цхьаммо а сий ца дайъи вешан дайн. Ваьш царна дуьхьалхӏиттинчу дийнахь, оха тхешан декхар кхочушдина, и тӏаьххьара минот тӏехӏотталц вайн хьомсара латта мостагӏех лардина ала йуьззина бакъо йу вайн. Суна ца лаьа мостагӏчун караваха. Йа кхузахь летта вала, йа, и кхолха го а хадийна, цӏа верза сацамбина ас. Са чӏогӏа дерг суна тӏаьхьахӏотта. Кӏажийн пхенаш дегориг хӏинцца эццашха дӏаваханчу имамна тӏаьхьа гӏо. Кхузахь ӏожалла йерг вужур ву, дийна висинчо, вайн хьаннашка а вирзина, вайн мехкан, вайн халкъан, вайн бакъдинан дуьхьа къийсам латтор бу. Оцу Делан мостагӏийн го хадо хьовсур вай. Оцу везачу Дала гӏо дойла вайна!
– Маршо йа ӏожалла! – мохь туьйхира Василийна уллохь лаьттачу Косолаповс.
Цо баттара даьккхина болатан тур ткъесах къегара малхехь. Оцу минотехь иза халла вевзира Василийна. Цуьнан цӏен бос богу беснеш кӏайеллера, цӏеллех хӏума дацара балдаш тӏехь. Цергаш йара чӏогӏа тӏеттӏатаӏийна, лаамах буьзна майра ши бӏаьрг цӏарах богура. Иэккхийта санна, буйнахь къуьйлура детица кхелина туьран мукъ. Бархӏ шо хьалха иза ведда йийсарера йухавеача, имамо цунна делла совгӏат дара иза. Цунна тӏехь дашо варкъ доккхуш ӏаьрбийн йозанца йаздина дара масех дош: «Хӏара турпал а, говза тӏемало а ву, лом санна, дера мостагӏчунна чукхоссалуш».
Бекхаман лаамах дуьзна дегнаш кхехкачу оцу йуккъехь веккъа цхьа Аьрзу лаьттара, лам санна, собаре, вист ца хуьлуш, воьгӏча санна, шен хьаргӏачу динахь. Шуьйрачу некхан шина а агӏон тӏехь лепара цхьацца мидал: «Имамо Шемала хӏокху майрачу тӏемалочунна хьалхарчу даржан орден ло», «Майра а, къонах а ву». Тамаша бара, оцу шен бӏаьхоша детта маьхьарий цунна хаза а хазахь. Баккъал а аьрзунчух тера цуьнан майра хьажар кхерстара мостагӏчун позицеш тӏехула. Лекхачу хьаж тӏехь гора кӏорга ойла. Шемалан эскарехь шен хьуьнаршца а, майраллица а гӏараваьллачу оцу кхаабӏаьнчо, схьахетарехь, мостагӏчун го хадо мела меттиг лоьхура. Цунна тӏера бӏаьрг ца боккхуш, тӏехьа лаьттара хаддаза цуьнан некъашхо – ваша ӏела.