– Ас-м, нехан кха хӏунда оху, хоьттий хьоьга?
– Айса гали хьаьжкӏаш йелла эцна дела, оху. Генавала суна. Хӏун до ахь, Мулкалмот санна, тӏевекаш!
Амма Ловда ша лаьттачуьра меттах ца велира.
– Цул, бакъдерг дийцал ахь, ӏоса, – йукъавуьйлира ӏела. – Ловда, кху хьан дас дӏадаханчу ӏай Васале гали хьаьжкӏаш йелла йухалург. Тахана чохь топ йуза йалта доцуш, хӏусамнана меттахь йисина, чоь йуьззина меца, дерзина бераш долуш ӏачу Васалан аьтто боьхний а хиъна, цуьнга хӏара кха дохка аьлла, вахана ӏоса. Васална лаац цхьа урд бен доцу шен латта дохка. Айхьа ойла йехьа, Ловда, кху уьрдах ваьлча, цо хӏун дан деза? Ахь а, ас-м а хьун хьаькхна а доккхур дара. Ткъа заьӏапчу Васала? Иза реза вац кха дохка. Ткъа кхо и хьийзаво, хьаьжкӏаш йа царна дуьхьал хӏара кха ло бохуш. Хьастагӏа Васал волчу а веана, ойла йан цунна кхо де хан йелла, ваханера хӏара. И кхо де селхана чекхдаьлла, ткъа тахана хӏара, вайна ма-гарра, оцу мисканийн кха охуш воллу. Иштта дуй иза, ӏоса?
Ӏоса, цавешаш, велавелира.
– Делахь, ӏела, Васале сан гали хьаьжкӏаш схьайалийтахьа ахь.
– Чохь цкъа кхалла а рицкъа доцчу цо мичара ло хьуна уьш? Гурахь йухалург йеллий ахь? Собарде хӏетталц.
– Со гурралц ӏийча, мичара лур йу цо уьш? Кху тӏейевллачу татеша хьаьжкӏаш латорга дог-м ца доху ахь? – шедакхаж кха тӏе хьажийра ӏосас.
– Ас лур ду хьуна хьаьжкӏийн гали! Дӏайаккха кхузара гота! Ма хӏиттаде тхо йуьхьӏаьржа! – карзахвелира бакъдерг хиъна Ловда.
– Суна гучуьра дӏавала, кӏант. Хьан гӏуллакх дац ас лелочунна йукъагӏерта, – цергаш хьакхийра ӏосас. – Со хьайга йеха веача, лур ахь суна хьаьжкӏаш. Бӏоча, дӏайахийта гота!
Ӏосас, шен говр тӏе а човхийна, йуккъерчу шина старах арахьарчунна шед туьйхира. Ӏела меттах ца велира ша лаьттачуьра. Тӏехьаьддачу Ловдас ӏосин говран урх лецира.
– Дӏавала, дада, кхузара. Ма хӏиттаве со нахана йуккъехь йуьхьӏаьржа. Ма кхачаде сан собар! – логе шад хӏоьттина, хьалахьаьжира Ловда.
– Дӏахеца урх!
– Дӏавала кхузара! – говр кӏегартеттира Ловдас.
– Дӏахеца урх.
Ӏосас кӏантана шед айъира. Амма йукъабоьллачу наха, озийна, Ловда йуьстахваьккхира.