Кӏез-кӏезиг лахлуш охьа а деана, цӏеххьана йуьхьархьаьдда иза, дитташ йуккъехь къайла а даьлла, дукха хан йалале, мӏарашна йукъакъевлина ижу а эцна, регӏа дӏадахара.
– Со цкъа а ца тешара царах, – элира цо паргӏат. – Шайн цӏоканаш кӏелхьарйахаран дуьхьа, ненан марчо духкур дара цара. Царах къаьсташ вац Шахьболат а. Цуьнан бага хьаьжна ву Нуркиша а. Молла Бӏагӏалона оьрсий бӏаьрга ган ца безийла, хаьа суна. И ду уггар зуламениг. Амма, шена дашо сом кховдийча, ӏедална вохкавала кийча ву. Ас даим а олуш ма ду, вайн берриг бохамаш оцу цхьаццаболчу стешхачу нахера схьабуьйлу. Делхьа, ма ца воьлху-кх со, царах цхьаберш дӏадаханчу ӏай лецна Сибрех бахийтарх.
– Берриг бац уьш, хьуна ма-моьтту, йамарт, – дуьхьало йира Аьрзус. – Халкъ вовшахтоха, цунах цхьа буй бина, иза къийсамехь хьалха дига ницкъ цаьргахь бен бац тахана.
– Галваьлла хьо, Аьрзу. Цара гӏазоте кхайкхамаш бар дац ткъа вайн халкъ дакъаздаьккхинарг? Халкъан кхоллам динадайн кара а белла ӏийча, цунах хӏун хир ду? Йа хилларг ца го хьуна? Дуьненахь хуьлуш дерг хӏун ду а ма ца хаьа царна. Дерриг церан хьекъал а, кхетам а ламазций, доӏанашций бу-кх. Йуха а йа гӏазоте, йа ӏедална муьтӏахь хиларе кхойкхур ду-кх цара. Шаьш йовхонехь а, буьзна а хилчахьана, адамашкара бала царна бен ма бац.
– Шарӏан ӏедал динадайшка а делла, тӏеман гӏуллакхаш ваьшкахь дуьтур вай, – шениг дуьйцура Аьрзус. – Шарӏан гӏоьнций бен халкъ низаме далалур дац. Тӏе, вай дӏатоьттур бац кхечу динехь болу нах. Маршонехьа къийса луург, иза муьлххачу къомах, динехь велахь а, вешан байракх кӏел хӏоттуьйтур ву.
Берса велавелира.
– Аьрзу, хьан молланаший, хьаьжоший дийр дуй иза? Хьуна дика ца бевза уьш. Цаьрга ладоьгӏучу халкъана а ма-моьтту шен бохамашна, шегарчу ӏазапна а бехке керстанаш бу!
– Бакъ дац и, Берса. Халкъ дацара ткъа паччахьан эскарера уьду салтий тӏеоьцург? Вайца цхьана магӏара а хӏиттина, летарш, лийраш и керста салтий бацара ткъа? Муха летара? Турпала! Вайца Гунибе йуха а бевлла, цигахь, тӏаьххьарчу стагана тӏехӏотталц леташ, турпала ийгира, – тӏаьхь-тӏаьхьа карзахвуьйлура Аьрзу. – Вай йаккхий тоьпаш кхийса, кхечу говзаллашна ӏамийра цара. И дерриг дицделла хьуна?