Ламанхой хӏордан дехьа бердашка кхалхочу туркойн шкиперша, шайн сутаралла, барамал сов а кеманашна тӏе буттура уьш. Мах коьртан цӏарах ма боккхура. Ткъа кеманна мохь базбелча, жимма а уьне цамгар кхеттарш, когаш, кортош а лоьцуш, хӏорда чу кхуьйсура. Тулгӏеша аратийсинчу декъаша дуьйдинера хӏордан шина а агӏорхьара дерриг бердаш.
Кхелхачарна гӏоьнна кхо бӏе эзар сом ахча къастийнера паччахьан правительствос. Цунах цхьадерг уьш дехьабаха йолах лаьцначу кеманийн дайшна деллера, ткъа цхьакӏеззиг кхелхачеран кара кхочура. Цхьа дакъа оьрсийн чиновникаша шайн дола хьовзадора.
Цхьадолчу кеманашна буха ӏуьргаш а дохий, ламанхой тӏебутту, ткъа уьш хӏордан йуккъе девлча, хи буха доьлху, кхелхачарна лерина ахча кхузарчу оьрсийн ӏедалан чиновникийн кисанахь дуьсу бохуш, эладитанаш а дара.
Хӏокху ӏаьржачу хӏордан малхбале бердашкара уьш дӏа а бовлале, йолийнера ламанхойх йохка-эцар. Кеманан долахошна дала ахча доцчара цуьнан метта зударий а, бераш а лора. Ахчанца кхуза оьхучу англичанаший, туркоший уггар хазачу мехкарех йузура кеманийн трюмаш. Шаьш кеманашна тӏебохуш, маьхьаршца оьрсийн эпсаршка кхойкхура уьш, шаьш ма дигийта, даймахкахь дита бохуш.
– Понт Эвксинский хӏордан тулгӏешна тӏехь инзаре дукха ламанхой хӏаллакьхили, – дуьйцура цхьана эпсаро Михаил Тареловична. – Инзаре эрчо йара иза, амма кхин а ирча дара дехьа бердашка дӏакхаьчначийн хьал а. И Кавказан майра аьрзунаш эзарнаш хӏаллакьхуьлу, боху, туркойн шахьарийн урамашкахь…