Тӏаккха а цӏахь аьтто боцуш нисло. Цкъа а дегӏ маьрша хир вац. Тахана-кхана Шела вогӏу, боху, Къурмин Къосам. Цуьнан чӏогӏа гергарло ду элаца Тумановца. Суна хетарехь, округан начальнико полковнико Головаченкос ладугӏур ду Къосаме. Оцу Къосамца и гӏуллакх дийца а, нисдан а деза ахь.
Берса вехха ӏийра жоп ца луш.
– Суна-м хаац, Маккхал, цкъа-шозза генара гар доцург, кхин цхьана а тайпа сан тӏекере йеана стаг вац-кх иза.
– Дерригенах а кхета тхо, Берса. Амма цуьнца бийца мотт хьуний бен карор бац.
– Иза хала гӏуллакх дацахьара, охашимма хьуна тӏедуьллур ма дацара, – йукъавуьйлира Аьрзу. – Васалан гӏуллакх суьде далале, иза кӏелхьарваккха веза. Тхан йуьрто тӏелаьцна стаг ву иза, оха дола дан дезаш. Гӏуллакх суьде даьлча, генадолу. Хьаькамаш хьастий а, кхерам тасий а, схьаваккха Васал.
Берсас корта ластийра.
– Догдохуьйла йац цуьнга. Шуна лаарна, гӏоьртур-м ву со.
Шийлачу хица ламазаш а эцна, бай цӏена меттиг лехна, Маккхал хьалха волуш, ламазаш а дина, маралелхаш, вовшийн ӏодика а йина, дӏасакъаьстира кхо доттагӏ.
Амма Теркан областан эскарийн командующи, нахана хӏумма а ца хууш, цу ӏазапах уьш «кӏелхьарбаха» гӏайгӏа беш вара:
«Хьомсара Государь Александр Петрович!
…Нохчий кхалхоран гӏуллакх шена тӏе а лаьцна, оцу хьокъехь Турце вахана инарла Кундухов цӏа верзаре сатуьйсуш ӏа со. И гӏуллакх сихха къастор чӏогӏа оьшуш ду. Малхбузе Кавказехь вайн хиллачу тӏаьххьарчу а, чӏогӏачу а кхиамаша догдохийна нохчийн. Вешан ӏалашо вай мел къайлайаккха гӏертарх а, вайца шайн йолчу шатайпачу йукъаметтигах делахь а, йа шайн махка оьзначу эскарех шекбевллехь а, йа арахьара тӏеоьхучу нахехула хиънехь а, царна хиъна герггарчу хенахь правительство цигахь чӏоггӏа когаш тӏе хӏотта ойла йолуш хилар. Цундела кху тӏаьххьарчу хенахь кхузахь меттигерчу ӏедалшна совцо хала йа совцо ницкъ боцу тайп-тайпана эладитанаш даьржина.