Цуьнан сий лардарал, цуьнан маршо ларйарал лакхара а, сийлахь а декхар дац стеган. Амма и декхар кхочушдалур дац шен даймехкан, шен халкъан доттагӏ а, мостагӏ а мила ву ца хуучуьнга. Маршонехьа къуьйсу стаг бӏаьрзе хила ца веза. Вайнахана моьтту, и берриг оьрсий гаурш, шайн мостагӏий бу. Цунах йоллу вайн йерриг дакъазалла. Иштта ойла аьттехьа а йита ца йеза. Вон халкъаш дац дуьненахь, Болат. Амма вон, зуламе ӏедалш, адамаш ду. Цара тилийна, зуламечу новкъа дуьгу халкъаш а. Муьлш бу и оьрсий? Вай санна, машаре, къинхетаме, тешаме адамаш ду уьш. Амма, йа оьрсий а, йа кхин халкъаш а шайн лаамехь дац. Ӏедало шен буйнахь латтадо уьш. Суна гина, Болат, оьрсийн муьжгичун дахар. Вайчул тоьлуш дац хӏумма а. Цигахь а йу харцо, къоьлла а. Помещикан кога кӏелахь ву муьжги.
– И помештиг мила ву?
– Муха эр дара иза? Хӏара вайн Къосамгӏар санна, хьалдолу нах бу-кх уьш. Вайниш хӏинцца дуьнен чу бевлла, цергаш йовлаза бу. Ткъа оьрсийн помещикаш болу масех бӏе шо ду. Россера дерриг латта а церан долахь ду. Дай белча, берашка долу иза муьжгашца цхьаьна.
– Муьжгех а хӏун до цара?
– Бацабо-кх, неӏ хьеллац. Бацийна а ца буьту. Къинхетамза йетта, бухку, оьцу. Сибрех хьийсабо.
– И дерриг ловш ӏа уьш?
– Хӏан-хӏа, ца ӏа, Болат. Даим дӏа паччахьна, помещикашна дуьхьал гӏуьтту. Герз карахь. Амма толац. Эххар а, ши-кхо шо хьалха жимма маршо йелла муьжгашна. Хӏинца царах йохк-ецар йан а, царна йетта а бакъо йац помещикийн. Амма маьрша бац уьш хӏинца а. Латта ма дац муьжгийн долахь. Иза помещикийн долахь дитина. Хӏинца а цунна букъ сеттош лела муьжгий. Паччахьо тӏаме лоьхку уьш. Шена а, помещикашна а керла мехкаш дӏалеца. Цигара халкъаш лолле дерзо. Муьжгий хӏаллакьхуьлу, ткъа паччахьан а, помещикийн а хьал деба.
– Уьш хӏунда боьлху церан дуьхьа тӏом бан?
– Ма гӏол. Набахте кхуьйсур бу, Сибрех бохуьйтур бу. Иза-м хӏун дара, дуьхьало йинчунна тоьпаш туху, ирхъухку.
– Ой, оццул дукха бу и помештигаш?
– Бац. Амма ӏедал, эскар, набахтеш, закон – и дерриг а церан карахь ду.
Болат вист ца хуьлуш вехха ӏийра. Схьахетарехь, Берсас дийцинчун кӏорггера ойла йора цо.
– Паччахьан эскарехь берш берриг муьжгий бу, ца элира ахь, ваши?
– Элира.
– Шайн дайшна, вежаршна тоьпаш хӏунда йетта цара?