Дуьххьалдӏа и волчу хьошалгӏа вогӏуш Нохчийчуьра цуьнан шира хьаша ӏуспин Сайдуллий, аьрстхойн Цугин ӏелахий вара.
Церан хьошалла тасаделлера Алхазан Муса Нохчийн Округан начальник волчу шарахь. Цигара Муса цӏа вирзинчул тӏаьхьа ӏуспин Сайдулла масазза а хиллера иза волчохь хьошалгӏахь, амма, тахана санна, иза леррина тӏеэца цкъа а ца кечвеллера Муса.
Йерриг шен орденаш оьхкина, цхьа наггахь йогӏу меттиг хӏоьттича бен духуш доцу кӏайчу исхаран чоа а дуьйхина, тоьлла герзаш дихкина, ӏаьржа верта а кхоьллина, уггар дикачу динахь, ваша йуххе а ваьккхина йуьртах ваьлла, хьешашна дуьхьалвоьдура иза.
Ша даьхьна гӏуллакх кхиамца чекх а даьккхина, Константинополера Муса цӏа вирзина цхьа кӏира сов хан йара. Шена ма-ттов и чекхдериг хиларх цуьрриг шек вацара иза воьдуш дуьйна а. Алхазан Мусина Петербург а, Константинополь а цхьаъ йара. Шиннахьа а бара цуьнан герггара хьеший.
Цу тӏе, хьалха дуьйна цига кхелхина, йаккхий хьаькамаллин меттигаш дӏалецна дуккха а хӏирий, Кавказан кхечу къаьмнех а нах болчу туркойн столицехь цунна аттахо дара гӏуллакх дийца а, нисдан а. Бакъду, цо хӏинца даьхьна гӏуллакх, цунна ма-моьтту, атта ца хилира. Туркойн правительствона даггара лаьара Кавказан ламанхойх уггар карзахе, доккхачу къомах нохчийн пхи эзар доьзал шайн махка тӏеэца. Амма дерриг дохийнера цигахь лаьттачу хьоло.
Кавказан тӏеман чаккхе хьалххе дуьйна гуш хилла дукха феодалаш, таронаш йолу нах, Шемал йийсаре вахале а, ваханчул тӏаьхьа а шайн лаамехь бевдда Турце кхелхира. Кисанахь шортта ахча а долуш баханчу церан гӏуллакх цигахь дӏанисделлера.
Амма кхин хьал хӏоьттира дӏадаханчу шарахь цига кхелхинчу нахе.
Парижски бартаца, ӏаьржачу хӏорда тӏехь кеманаш хила бакъо йоцчу Россин Малхбузе Кавказ дӏалоцуш тӏеман базаш кубански гӏалгӏазкхий болчохь йахка дийзира. Графан Евдокимовн планаца, станицаш а, чӏагӏонийн линеш а йохкуш, шайн лаьмнашкахь баха таро цахирриг гатте хьовзийра цигара ламанхой.