Хӏара нана-лаьмнаш мостагӏех лардеш, хеназа беллачу къонахашна Дала эхарт лойла, дийна бисинчара хӏара ӏаьржа латта гӏоза хьоьшийла!
– Амин!
– Дала барт цхьаъ бойла вайн, кӏентий!
– Амин!
Веа стага маӏаш йуха а хьалайерзийра. Чохь малар дуьсуш уьш охьахӏитто йиш йацара. Иза дуккха а мийла ӏеминчу Мусассий, Афакоссий, сихха йассийна, охьатийсира шайн карарниш. Дагара ца хаийта, нуьцкъаша дӏамелира ӏелахана а.
– Хӏаъа, дагадогӏу суна, Муса, ахь дуьйцу денош, – элира Сайдуллас, шен кад дӏамелла, мекхех куьг а хьаькхна. – Бакъдерг аьлча, оцу деношкахь оха хӏума туьйхира шух. Цигахь шайна хиллачу зено Чехкара-Гӏала йухадовла дезийтира шун. Амма тхан цкъа а меттиг ца хуьлура тхешан толамех даккхийде. Шаьш Хьалха-Мартантӏера кӏегардовлуш аш къиза хӏаллакйира йарташ, бошмаш, йалташ, цанаш. Гӏунаш чу тийсира говрийн чархаш.
– Амма и хиъначу ахь оха хадийначу хӏор а диттан цӏарах цхьацца салти-м вийра.
Сайдуллас гӏайгӏане корта хьовзийра:
– Хӏун пайда бу цуьнан? Тхан халкъо бӏеннаш шерашкахь къахьоьгуш кхиийна йарташ, бошмаш паччахьан инарлаша цхьана дийнахь чим беш йагайора. Хӏинца, сагӏадоьхургаш санна, лела тхо. Берриг нохчий ломан кӏажа таӏийна, ткъа мегаш долу латта гӏалгӏазкхашний, эпсаршний дӏадекъна. Цӏубдар санна, тхох векхаш ву массо а. Масех бӏе урд латта делла ӏодин Вахӏабна, Къурмин берашна, Чермин Орцина, кхин иттаннаш писашна. Эла санна, веха Шамурзин Бота, Жукин Дуба, Ботукъа, кхиболу оьрсашкахьа бевлла наибаш а.
– Ахь хӏунда ца доьху хьайна совгӏат? Хьо вац иштта, и наибаш санна? Уьш санна, Шемалан наиб хилла хьо, хӏинца, уьш санна, майоран чинехь паччахьна гӏуллакх деш а ву хьо!
– Царах санна, сох тешац ӏедал. Суна ца хаьа, царна санна, халкъана йамарт хила!
– Хӏун башхо йу? Уьш санна, Шемал дӏа а тесна, хьо а ма велира паччахьехьа.
Сайдуллин йуьхь цӏиййелира, дуьхьал цӏийдина хи тоьхча санна.
– Хӏан-хӏа, башхо йоккха йу. Бота шен лаамехь велира оьрсашкахьа. Цо доккха гӏо дира царна тхо дохо. Со – тхаьш эшна девлча, толаме догдохуьйла дӏайаьлча, адамийн цӏий эрна ца ӏенорхьама. Цул сов, сол хьалха Евдокимовна тӏевахара мичкахойн наиб Эски а, шотойн наиб Ботукъа а.