йолу гарнизонаш кхин тӏе а чӏагӏйан сацам бу. Тӏаккха хиндерг хаа хала дац. Цкъа-делахь, нохчий нийсса ах шайн махкара дӏабоху, бисинарш, кхаа декъе боькъуш, гӏалгӏазкхийн станицашна йукъаӏовду, Нохчийчоь Дагестанах дӏакъастайо. Цул тӏаьхьа шун аьтто хир бац ӏедална дуьхьало йан.
Ӏелахас доккха садаьккхира.
– Тӏаккха тхо салт а дохур ду, тхоьга лан ца баллал текхамаш а бойтур бу.
– Кӏез-кӏезиг дерзош, керста дине а дерзор ду, – тӏетуьйхира Сайдуллас. – Нуьцкъаша хьакхарчий йаор йу, зударшна ницкъаш бийр бу.
– Цуьнан хинйолчу тӏаьхьенах нийса кхетта шуьшиъ. Доцца аьлча, шу шайн мехкан дай дац-кх.
– Хӏан-хӏа, Муса, иштта хила йиш йац! – хьалаиккхира цӏий сиха Сайдулла. – Хӏун моьтту царна? Тхо зударий-х даций? И хир дац! Тхо летта лийр ду. Тӏаьххьарчу стагана тӏехӏитталц. Со-со вер ву гӏаттамна хьалха. Ас хоуьйтур ду халкъана со цунна тешаме вуйла!
Хӏинца тӏехӏоьттинера Мусас ша дагалаьцнарг дӏадийца деза хан. Хӏинца къаста дезара цо тӏаьххьарчу шарахь ша дукха ойла йинарг, Тифлисехула, Стамбулехула ша айъина лелийнарг.
– Сайдулла, лаьий шуьшинна шайн халкъан ирс хуьлийла?
Ши хьаша цецваьлла хӏусамдега хьаьжира.
– Муха ца лаьа, цуьнан дуьхьа ца летта тхойша ткъа шарахь мостагӏех?
– Муьлхха а гӏаттам, мел боккха и хиларх, шу эшна бен чекхбер бац. Дагестанхой шух дӏакхетар бац, хӏунда аьлча цара хӏинццалц шаьш лелийнарг а, шун ницкъана тӏе а тийжаш, ӏедал латтийначу Шемалах кхоьруш бен ца лелийна. Малхбузехьарчу ламанхошка догдохийла а шун йац, уьш, берриш бохург санна, Турце кхелхина. Шун халкъ ткъе пхиъ шо хьалхалерниг дац. Нийсса ах хӏаллакьхилла. Дийна бисинчех цхьаберш Россехь бу, цхьаберш къаналло кӏелбитина. Хьалхарчу чкъуро догдиллина ша тоьлург хиларх. Дерриг а меттахъхьедийриг къона чкъор ду, амма уьш хинйолчу халонех ца кхета. Кӏелхьардовла кхоъ бен некъ бац шуна: йа летта далар, йа, Жимачу Гӏебарта а кхелхина, шайн латта гӏалгӏазкхашна дӏадалар, йа, малхбузера ламанхой санна, Турце кхалхар. Къастабе царах цхьаъ.
Сайдулла а, ӏелаха а ойланашка вуьйжира. Дагца йолчу цамгаро дуьненах догдаьккхина волу ӏелаха цкъа а тӏера вацара къамелна. Цуьнан ӏаьржачу аматахь озачу