шу туркойн махка кхалхар шайна чӏогӏа лууш хилар шуьга дӏахаийтар. Цара тӏелаьцна, нагахь шу реза хилахь, туркойн мехкан уггар тоьллачу лаьтта тӏе шу даха ховшо а, шу меттахӏитталц массо кепара шуна гӏо дан а.
Мусас дуьйцучух шекваьлла, ши хьаша вовшашка хьаьжира.
– Нагахь шуьшиъ сох ца тешахь, ас, ӏабдул-Межидан куьг тӏехь а долуш, цо шуьга даийтина кехат гойтур ду-кх шуьшинна.
Хьала а гӏеттина, сейфа тӏе ваханчу Мусас, цу чуьра схьа а эцна, Сайдуллега дӏакховдийра Лорис-Меликовн дехарца Тифлисехь йазйина прокламаци.
– Туркойн а, нохчийн а маттахь йаздина ду шуна иза.
Сайдуллас, йух-йуха а доьшуш, дийшира кехатан ӏаьрбийн йозанца нохчийн маттахь йаздина могӏанаш.
– Ахь хӏун олу, ӏелаха? – хаьттира цо, ша дешна ваьлча.
– Мусас ма-дуьйццура хилча-м, Турце кхалхар тоьлуш хета суна. Мухха делахь а, цигахь берш бусалбанаш ма бу. Кхузахьчул вон хирг хир дац вайна.
– Ас дуьйцучун шеко йац-кх, кӏентий. И гӏуллакх Маккара богӏучу шун молланашка Уьстамалахь хьехийна меттигаш йу.
– Бакъду иза, – тӏетайра Сайдулла. – Молланаша и хьехош суна хезна дукха хан йу. Амма адам тӏе ца тевжа цара дуьйцучунна.
– Амма царна хаа деза, Сайдулла, кӏелхьардовла кхин некъ цахилар, – сацамболлуш элира Мусас. – Ирх-пурх а, шун пхи-йалх эзар доьзал ӏедало шун махкара дӏабоккхуш бу. Шелахь хилла гӏуллакх тхьамданаш а лецна дуьтур ду, моьтту шуна? Хӏан-хӏа, кӏентий! Суна шера хаьа, Кунта-Хьаьжин берриг мурдаш а, цхьацца карзахе адамаш а шайн доьзалшца Сибрех йа Жимачу Гӏебарта кхалхо ӏедалан сецна йаьлла ойла хилар. Тӏаккха а довлу-кх шу махках. Турцехь-м шун шайн дин, мотт, къоман гӏиллакхаш лардан а, дикачу махка тӏе цхьана гулахь даха ховша а аьтто хир бу. Ткъа Россех хьовсадахь? Хьанна хаьа шух цигахь хиндерг?
– Цигахь хиндерг-м хӏинцце дуьйна гуш дара. Цкъа-делахь, цигара шело лалур йац, шолгӏа-делахь, керстанаш хилла дӏахӏуьттур ду, – гӏийла элира ӏелахас.
– Новкъарло йеш ши гӏуллакх ду, Муса, – доккха садаьккхира Сайдуллас. – Цкъа-делахь, нах резахуьлий хаац шайн даймахкара дӏабовла. Хӏинццалц молланаша дуьйцург а тергал ца дина цара. Шолгӏа-делахь, уьш резахилча а, паччахьан ӏедало кхузара дӏахоьцур буй-те уьш?