долчуьнца?» – ойла йора шен дагахь дерг, цхьа шен ваша Афако воцчуьнга ца хоуьйтуш, къайлехь латточу Мусас.
– Гой шуна, вежарий, адамийн дог-ойла даим цхьатера ца лаьтта, – элира цо гӏайгӏане. – Сайн дахарехь дуккха а къинош летийна ас. Далла гӏулакх ца деш а лелла, дуккха а адамийн синош а даьхна. Доллучул дагна ӏаьткъинарш шун тӏаьххьара гӏаттам айса хьашар ду. Маса нохчийн йурт йагийра ас, маса доьзал, шен бенах бохийна, аренга кхалхийра, мел синош хӏаллакдира. Бакъду, айса лелийнарг дерриг а сайл лакхарчу хьаькамийн омра кхочушдеш-м лелийра ас, хӏетте а оцу шаро хеназа къанвеш лаьтта со. Хӏетахь айса бехкбоцуш дайъинчу адамийн гӏаларташ буьйсанна набарха дуьхьалхӏуьттуш, цӏийн ӏоврашла керчаш, хорам хуьлий, хьалалелха со. Дуьненахь ваха дукха хан ца йисина сан. Кестта Далла дуьхьалхӏотта деза. Кху дезткъа шарахь къиза бала лайна шун халкъ тӏебогӏучу баланех хьалха а даьккхина, цунна сайн ницкъ кхочу дика болх а бина, къинойх цӏанвала лаьа суна. Тӏаккха мукъана а йалсаманига догдохуьйла хир йацара-те олий, хета.
Сайдулла тийшира хӏусамдас дуьйцург даггара хиларх. Амма хӏетте а цунна ца лаьара резахуьлуш тӏаьххьара дош дала. Масех эзар доьзал шена тӏаьхьа цабевзачу махка а кхайкхича, уьш, цунах а тешна, тӏаьхьа а хӏиттина, цига дӏа а баьхкича, хьанна хаьа, тӏаккха дӏакхаьчча хиндерг? Сайдуллина-х вац цигахь вевзаш стаг. Сайдуллина-х ца хаьа бухарчу къаьмнех цхьаннен а мотт, гӏиллакхаш, амалш. Гихтӏера Гӏойтӏа кхалхар а, йа Нохчийчуьра Хӏирийчу кхалхар а ма дац иза. Хонкара шина беттан некъ бу. Дӏакхаьчча, мичахь совцур ду, хьанна тӏедуьссур ду? Хӏан-хӏа, иштта атта реза хир вац Сайдулла.
– Муса, со теша ахь дуьйцург даггара хиларх а, Хонкаран паччахьан бертахь хиларх а. Амма сан вац цигахь вевзаш цӏейахана хьаша, хаац цигарчу къаьмнийн мотт а, гӏиллакхаш а. Хьанна хаьа, хьоьца барт бинчу Хонкаран паччахьо а, цуьнан визиро а, цига дӏакхаьчча, тхо кетӏара дӏачовхадойла?
– Ас дерригенан а ойла йина, Сайдулла. Нагахь санна шуьшиннан пхи эзар доьзал шаьшшинна тӏаьхьахӏотто кархдалахь, со шуьца дӏавогӏур ву. Сан сацам тӏаьххьара а хиларх шу тешийта, ас дуьххьара йоьдучу нохчийн тобанца