– Мятежан тхьамданашка ладоьгӏуш баккхийниш болуш, ткъа кегийрхой йухагӏерташ хилча, бакъахьа хир дара, хьомсара Александр Павлович. И ун къоначу тӏаьхьенан дегнаш чохь дисар ду зуламе.
Цхьана минотехь вист ца хуьлуш лаьттира и шиъ.
– Керла гайтам хир буй хьан локхаллин? – хаьттира полковнико.
– Хӏан-хӏа. Баркалла.
Полковникна тӏаьххье неӏ тӏечӏагӏайелча, ӏаьржа лак хьаькхна, куьзга санна, къегачу стоьла тӏе йуха а вирзина, лекха гӏовла йолчу кӏедачу гӏанта охьахиира Михаил Тарелович. Меллаша сургучан мухӏар дӏа а даьккхина, жимачу уьрсаца пакет а йатӏийна, оцу чуьра деалха диттина шера кехаташ схьадехира цо. Тӏаккха, цӏеначу йовлакхца цӏандина, дашочу хӏазаршца кечдина куьзганаш шен стомма-бехачу мера тӏе а дехкина, кехаташ схьадаржийра цо.
Долорна тӏе бӏаьрг кхарстийна, тӏаккха цхьацца меттигаш леррина йеша вуьйлира иза.
«…Тӏеман министре, цуьнан локхалле, инарла-адъютанте Милютине… № 1, 3 январь 1865 шо.
…Билгалдаккха деза, Малхбале Кавказан дерриг къаьмнаш вайца цхьатерра мостагӏалле а, вайна цхьатерра кхераме а цахилар: цундела, царах лардалархьама, вай деш долу гӏуллакхаш массанхьа а цхьатерра луьра хила дезац. Теркан областан Малхбузе Отделера бахархой бес-бесара къаьмнех хиларой, оьрсийн урхаллех боьлла хиларой, церан динан башхаллаший цигахь вайн ӏедал чӏогӏа латтадо, цундела цигахь вайна кхерам боцу кег-мерса карзахаллаш хила тарло.
Шерачу аренца йолчу Гӏумкийн округан мехкан хьелаший, вайн урхаллина кӏел халкъ токхенга кхачарой гуттаренна дӏабоккху цигахь гӏаттам хиларан кхерам.