– Хьан Императорски Локхалле айса хьалха йиначу докладца а, йеллачу запискица а даим ас гойтура, латта кӏезиг, адам дукха долчу Нохчийчуьра ах бӏе шарахь вайна дуьхьал латтийначу къийсамехь кхиъна, дахчаделла адамийн цхьа дакъа мукъана а цигара дӏадаккхар нохчийн гӏуллакх къасторехь а, Теркан крайхь машар, синтем хӏотторехь а, цаьрга гражданственность тӏеэцийтарехь а йоккха гӏулч хиларх со тешна хилар. Амма кхелхина нохчий вайн Азиатски Турцин дозанца йолчу областашка дӏатарбан туркойн правительствос тӏелацаро вайн гӏуллакх буххенца хуьйцу. Теркан областера кхалхийна туземцийн пхи эзар доьзал оцу меттигашка охьахааро машаран а, тӏеман а заманахь вайна доккха зулам дийр ду…
– Со кхеташ вац, Михаил Тарелович, вайн дозанал дехьабаьхна Теркан туземцаш вайна зуламе а, кхераме а хир бу бохучух, – цуьнан къамел йукъахдаьккхира Карцовс. – Вайна коьртаниг нохчий шайн махкара дӏабахар ду, ткъа Турцехь туркойн правительствос хьоьгунда шена вай цаьрца кхузахь хьегначул бала.
– Иштта хета тарло Кавказ а, Азиатски Турци а, цигарчу бахархойн амалш а, гӏиллакхаш а цадевзачунна, – Карцовгахьа а вирзина, бехкалвоьдуш, хьастаме велакъежира Лорис-Меликов. – Амма тӏаьххьара тӏом болчу хенахь Карски областан начальник хиллачу суна дика йевза и меттигаш, цигара адамаш. Вайн, Турцин дозанаш къастош болчу Арарат ломан къилбаседехьарчу агӏонца кхелхаш лела вайн ӏедална кӏел болу курдой. Оццу ломан къилбехьарчу агӏонгахьа – Баязиданий, Мелизгерданий гондӏа а, Муша тӏе кхаччалц – болу мохк дӏалаьцна бехаш бу туркойн курдой. Евфратан тогӏин лахенца а, Эрзерумехьа а меттигаш йу эрмалой бехаш. Дукхахболу курдой ӏа даккха цига кхелха. Оцу дерриг а къаьмнийн вайга хьогӏал сов безам бу: эрмалойн – шайца цхьана динехь а, цхьатера халкъан гӏиллакхаш а хиларна, курдойн – вайн агӏонгахьа болчу курдошца йиша-вошалла, гергарлонаш а хиларна. Цул сов, дежийлаш лоьхуш, хӏор а аьхка шайн жашца вайн дозанал сехьа шайца цхьана тайпанан болчу курдашна тӏеэха дезаро а вайца доттагӏалла лело доьзуьйту церан.