И дерриг эрна хили сан. Ша нохчашца кхалха везаран хьокъехь цо далийна бахьанаш, суна хетарехь, бух болуш ду. Иза, бакъ а долуш, тешна ву, Турце дӏабоьлхучаьрца ша-шен доьзал дӏа ца хьажабахь, массарех а тешамза бевллачу нохчаша а, царна коьртехь болчу церан тхьамданаша а, шайна мел лаахь а, цхьа ког Турце дӏатосург цахиларх. Цул сов, суна ӏаламат дика хаьа, нагахь Кундухов Турце кхалхахь, шаьш а кхелхар ду аьлла, Сайдуллас а, ӏелахас а Къуръан тӏехь дуйнаш биъна хилар.
– Дика ду, Михаил Тарелович, нагахь гӏуллакх ахь ма-дуьйццу делахь, цо шеца пхи-йалх эзар нохчийн доьзал махках а баккхахь, дӏавахийта ахь иза. Хӏинца ахчанах дерг. Нах Турце кхалхарна тӏетоьттуш эладита лело царалахь цхьа цӏейаххана масех стаг эца, цкъачунна харжана хьуна итт эзар сом дӏахеца айса бакъо йелла, моьтту суна?
– Хӏаъ, Хьан Императорски Локхаллин пурбанца, оцу нахана харжана дайъа инарле Кундуховга и итт эзар сом дӏаделла ас.
– Цуьнан махках, цӏенойх дерг аьлча, Кундуховн доьзал Турце баха Владикавказера меттахбаьлча, пхи эзар сом ло цунна. Ткъа Сайдуллина, цуьнан доьзалшца лаххара а цхьаъ-ах эзар доьзал, шайн махкара дӏа а баьлла, Турце новкъа балахь, важа дисина шовзткъа эзар а ло.
– Шена лучу ахчанах шовзткъе шиъ эзар сом дешица далар а доьху цо.
– Мегар ду иза а.
– Цул сов, Хьан Императорски Локхалла, уьш дӏакхелхича, масех стаг, ахча а делла, тӏаьхьагӏоьртур болу нах Турце кхалхо а, нохчашлахь ша эцначу агенташна дала а итт эзар сом детин ахча доьху соьга Йуккъерчу отделан начальнико эло Тумановс. Кху некъехь ахча кхооро вайна пайда бийр боцийла хууш, царна цӏеххьана эшахь а аьлла, Теркан Дошлойн-Иррегулярни полкан капиталан чоьтах Тумановна ши эзар сом, Нохчийн округан начальникна полковникна Муравьевна пхи бӏе сом ахча делла ас.
Михаил Тареловича, стоьла тӏехь ӏуьллу шен фуражка схьа а эцна, коьрта тиллира.