йаьккхина, эчиган зӏарашна чубохка болийча, схьакхалха резахилла. Церан цкъа а машар хир ма бац оьрсашца. Цигахь а, кхузара дӏа а. Амма кху махкахь шайна маршо карор йу царна моттахь, иза бакъ дац. Уьш бусто тӏелоцуш ма бац оха а. Тхуна оьшург церан майралла, тӏеман говзалла, оьрсашка цабезам бу. Уьш летар бу, шайна мел и ца лаахь а. Къаьсттина – Россица тхан тӏом хилча. Уьш-м хьовха, церан тӏаьхьенаш а. Россин Кавказерчу провинцешка бахийта мел дика разведчикаш хир бу уьш! Церан гӏоьнца цигара ламанан халкъаш латтор ду гауршна дуьхьал. Доцца аьлча, кертахь кхобучу жӏаьлин декхарш кхочушдойтур ду цаьрга…
Амма, схьакхелхар буй-те уьш? Шайн даймахке безам къаьсттина чӏогӏа бу церан бохуш, дуьненахь а цӏейахана ма бу и нохчий. Оцу бехачу тӏамо шаьш мел гӏелбинехь а, мел бӏарзбинехь а, маршонах дог ца дуьллуш, гауршна дуьхьалойар сацош бац. Дала гӏо дойла Муса-пашин! Россица цкъа а машар хир боцчу мостагӏех пхи эзар доьзал шеца схьабало тхуна дош делла цо. Уьш, лаххара а, пхи эзар тӏемало ву. Буьрсачу тӏемашкахь вахчавелла. Кхерамна а, ӏожаллина а хьалха бӏаьрнегӏар тухур доцуш. Кӏиллолла боху дош хӏун йу ца хууш. Хӏан-хӏа, хӏинца хуур ду тхуна ламанхой тӏеэца. Йовхачу хенахь, кегийрачу тобанашца. Хӏорда тӏехула ца балош, лаьттахула схьа а балийна.
Хӏара-м Дала бина къинхетам бай! Иттаннаш шерашкахь биначу тӏемашкахь вахчавелла пхи эзар майра тӏемало, церан коьртехь оьрсийн эскарийн тоьллачу инарлех цхьаъ волу Муса-паша а, цӏарна а цӏейахана Шемалан наиб Сайдулла а!
Воккха эла Михаил дуьхьал ву, боху, схьакхелха нохчий дозанца баха ховшорна. Цуьнан шен коьртана дага ма ца деана иза. Лорис-Меликов боху и гаур-эрмало ву цунна и дерриг дагатуьйсург. Хӏумма а дац, реза ца хилахь а. Уьш шаьш ма бу и ламанхой схьакхалхор долийнарш. Цкъа дозанал сехьабовлахьара. Тӏаккха-м кхечу агӏор дуьйцур дара вай иза. Оцу нохчашка а, вукху гауршка а…
Лорис-Меликов Тифлисе ваханчул тӏаьхьа бутт балале Оттоманан империн арахьарчу гӏуллакхийн министран дворецехь шина державин дипломаташна йуккъахь ира къийсам болабелира. Кху хьолехь кечйинчу дворецан тхов кӏел тӏаьххьара а къаста безара генна лаьмнашкахь,