даим!
Туркочо йина ӏоттар дагах кхетта Игнатьев вусавелира.
– Йуха а боху ас, оха нуьцкъаха ца кхалхийна ламанхой. Шун динан вежаршна шайна лиъна кхуза кхалха.
– Нуьцкъаха ца кхалхийна? – даша тӏехь лецира иза ӏела-Пашас. – Бакъ хила а мега. Аш хӏорда тӏе таӏийча, уьш мича гӏур бара? Хӏорда чу лелха безара? Хӏан-хӏа, иштта варварийн гӏиллакх долуьйтур дацара шегара адамаллечу Европо! Бехк кочататта даим а кхин караво цунна: цӏийнна сутара Турци. Варварш, стешха, йамарт, къиза адамаш аьлла цӏе ма йахана туркойн. Туркоша мехкаш дӏалоьцу, туркоша цӏий ӏанадо, туркоша шайн ӏедална кӏелхьара керста къаьмнаш хӏаллакдо – и зурма лоькху Европин массо а столицашкахь. Хӏокху лаьтта тӏехь, туркой бен, къиза адамаш ма дац. Тхан адамалла даим а марахдолу тхуна, граф. Цул а шайга а хьовсийша. Шаьш лелийначуьнга, лелочуьнга. Тӏаккха лоьхур бац аш нехан бӏаьргахь чо. Шу европейцаш а ма дац данне а маликаш. Стешхаллина, йамартлонна, къизаллина тӏехь иблис а ларор дац шуьца. Америкехь, Азехь, Африкехь гӏаланаш йохош, халкъаш лолле дерзош, туьрций, цӏарций чекхдевлларш шу, керстанаш, европейцаш дац ткъа? Тхешан пачхьалкха чуьрчу къаьмнашна тӏехь оха ӏедал латтадо тхайна нийса ма-хеттара. Къиза-м, дера, ду иза, хӏун дийр ду ткъа. Амма, Далла бу хастам, европейцаша санна, оха цхьа а къам даймахках ца даьккхина.
– Масала?
– Масала, 1609-чу шарахь испанцаша махках а баьхна, Африкин йаьссачу гӏамаршка кхийсина мавраш, хӏинца аш Кавказан ламанхошна тӏехь дийриг а…
– Мавраш мехкашдӏалецархой бара! – толаме йукъахваьккхира иза Игнатьевс. – Испанцаша хьакъболлу бекхам ийцира царах.
– Хӏета, шу а ду-кх Кавказан ламанхойх хьакъболу бекхам оьцуш? – цавашаре тӏевогӏавелира ӏела-Паша. – Суна хезна дац, цара шун махка тӏе ког биллина бохуш. Цхьакӏеззиг исторех лаьцна дуьйцур вайша, граф. Йуккъерчу бӏешерашкахь цивилизацин лакхарчу тӏегӏан тӏехь лаьттачу бакъ керста динна тешамечу европейцаша кхечу динехь долу адамаш цӏарах дагочу хенахь, Испанера ведда, цхьанххьа а тхов ца карош лела бӏе эзар гергга жуьгти тӏелецира оха, варварша-туркоша. Шун правительствос гӏалгӏазкхийн бунташ масазза хьошу, Россера