гӏадвахана велавелира.
– Хьомсара Бакунин, хьуна хетарехь, революцин дакъалацархой берриш а университетски образованеш йолуш хила беза-кх! Ткъа хьо-хьо-м ма ву беккъачу цхьана оьрсийн ахархойн ницкъаца социализм хӏотторан идейш кхайкхош!
– Ткъа халкъан революционни кхетам?
– Дайшкара охьа помещикийн леш хилла, боданехь кхиъначу оьрсийн крепостной ахархойнчул лахара хир бу ткъа маьрша кхиъначу Кавказан ламанхойн кхетам?
Бакунин вуьйхира.
– Дерригенна а кийчча жоьпаш ду-кх хьан, Карл.
Маркса, шен велар а сацийна, леррина къамел долийра.
– Хьомсара Михаил, шун, оьрсийн революционерийн, цхьа декъаза амал йу: шайн оьрсийн, царах тӏехдевлча, славянийн гӏуллакхаш бен дош ца хеташ.
– Гӏуллакх шен хӏусамера дӏадоло ма деза. Цул сов, европейски масех махкахь хиллачу революцехь дакъалаьцна ас…
– Реза ву со! Ас даре до дерриг хьайн дахар революцин гӏуллакхна хьажийна, майра, хьуьнаре стаг хьо хиларна. Амма идейни гӏалаташ, хьомсара Бакунин, идейни гӏалаташ. Ахь хенан йохалла уьш нисдийриг хиларх теша лаьа суна. Хӏетте а, вайшиннан къамел Россина тӏера доладаларна а, социалистически боламехь дакъалаца хьайн сацам хилла ахь аларна а, къоман гӏуллакхна тӏевоьрзу со. Коммунистийн ӏалашо дуьненахь коммунистически йукъаралла кхолларца дерриг а халкъашна ирс кхоллар йу. Амма, и ӏалашо кхочушйархьама, дуьненан халкъаша, уггар хьалха, дуьненан халкъийн пролетариато, цхьаьна а кхетта, реакционни ницкъаш бохийна, аьтта дӏабаха беза, цу тӏе кхойкху коммунистийн девизо: «Массо мехкийн пролетареш, цхьаьнакхета!» Цундела, коммунистийн а, йа социалистийн а бакъо йац революционни боламехь халкъаш динций, расашций къесто.
– Ой, и дерриг шен хӏусамера дӏадоло ма деза…
– Собар, Бакунин, хӏинцца оцу тӏе кхочу со, – сацийра иза Маркса. – Хууш ма-хиллара, Росси кху тӏаьххьарчу бӏешарахь мехкашдӏалецарна тӏегӏерташ держава йу. Амма 1789-чу шаро къона, ницкъах вуьзна дуьхьалонча кхоьллина цунна. Ас йуьйцург европейски революци йу. Хӏетахь дуьйна схьа европейски континент тӏехь дуьхь-дуьхьал ши ницкъ лаьтта: цхьана агӏор – Росси а, абсолютизм а, вукху агӏор – революци а, демократи а.