– Тхуна ӏаламат хазахетар ду оцу кхачамбацарех хьо цӏанлахь, – элира Маркса, шега кховдийна куьг а лоцуш. – Хьо дӏавахале, кхин ца ган мега вай. Некъ дика хуьлда хьан а, хӏусамненан а!
– Баркалла! Доьзалшка маршалла ло.
Бакунин араваьлча, гӏайгӏане корта ластийра Маркса:
– Миска Бакунин! Тамаша бу-кх, кошо бен хьо нисвахь…