гажаршна тӏехула пурх биллинчу гӏуркхах зӏенаца хьалаоьхкинчу йешна кӏелхьара цӏе. Хьерабаьлча санна кхехка хӏоранна чу кхоккха кӏудал йоьду цӏестан кхо йай. Хьалаайъайала а кхиале махо, йаржайой, тӏепаза йойъу царна чуьра гӏуьтту ӏаь. Керчаш, хьийзаш, тӏекӏелдуьйлу дӏора дерстина доцчу жижиган кегийра хедийна цуьргаш. Гонаха чопа а гулйина, хехкало хьожайогӏу бецаш, махо генна дӏакхоьхьу гӏурманан чоме хьожа. Голаш мере а оьзна, вовшашна тӏе а таьӏна, кӏуьро бӏаьргаш а ӏийжош, цӏарна гонаха хевшина ӏа оцу куьпара бераш. Эттӏачу кетарх, чоэх, цецах санна, чекхбуьйлу шийла мох, кочах чухьийзадо дарц. Амма бераш цӏа ца доьлху. Мовладе баьхкина баккхийниш хӏума йиъна бевлча, царна а кхочур йу сискалан йуьхк, чорпин кад. И хьал царна ганза дукха хан йу.
Цӏенна го туьйсуш лела кхерста жӏаьлеш, цицигаш. Тахана бешахь бежанна шаьлта хьаькхначохь сих-сиха вовшахъхьаьрча уьш.
Кепа тоьхча санна, адам ду хьешан цӏа чохь а, сени чохь а. Адам ду йиллинчу неӏарна тӏегӏоьртина а, корашкахь а. Догӏмех чекхбуьйлу бекъа мох. Иза ца сецало беркъачу бедаршка. Шелоно лахийна когаш. Хӏетте а, уьш дӏа ца бовлу неӏарера, корашкара. Ткъа чиркх чу а оьзна, ахбодаш хӏиттийначу чуьра тулгӏешца бурко йеттало. Цуьнца схьаоьху кӏон-муьста хьацаран хьожа. Оцу чу гулбелла тховса Гати-Юьртара Кунта-Хьаьжин мурдаш. Къена а, къона а. Масех зуда а.
– ӏуьллалахӏ!
– ӏуьллалахӏ!
Хетало, и дерриг адам, уьйриг хилла, керчаш, ткъа и цӏа царна гонаха хьийзаш санна. Чӏуг хӏинцца йолайелла. Хӏор а керлачу гонехь, тӏера схьа а йохуш, йуьстахтуьйсу кетарш, чоэш, гӏовталш. Хьаж тӏехь гучудийлла хьацаран тӏадамаш бӏаьргашна йуккъехула, марошна кӏелхула меллаша охьаӏийдало. Моданечу кучамийн баккъаш тӏехь цкъа хьалха пӏелг биллал хьоькх хӏутту, тӏаккха, цхьа масех го баьхьча, йерриг коч, хи чу ӏоьттича санна, тӏадайо.
– ӏуьллалахӏ!
Шовкъаца массарех а къеста тховса кхуза веана мичкахойн Мада а, билтойн Нуркиша а. Мезал дегӏарчу Мадина хала ду чӏагарехь хьийза. Хьуьхьвоьлла иза. Лелалац деза дегӏ. Амма Нуркиша шек а вац. Векъана, веха, дайн дегӏ долу иза хӏинца а гена ву кӏадвала.
– Йа хьаййун!
Чӏагаран го йуханехьа хьаьвза.