устазна а генахь, ткъа арахь кхехкачу йешна тӏехула хьийзара. Бакъийначу кхорийн цу а биъна, цӏера араваьллачу цуьнан дог, мустделла, керчара. Ламаз тӏехь суждане а вахана, хьалатаьӏча, бӏаьргашна дуьхьал бода хӏуьттура. Чӏуг жимма а йахйеллехь, ницкъ а эшна, билггал, охьавужур вара иза.
Амма цунна ницкъ лора гай йузо кестта шен аьтто хир буйла хааро.
Къеначарний, къоначарний йуккъера болу Мӏаьчигагӏар, баккхий нах чохь болчу кечдинчу цӏа чу а ца буьгуш, цхьа сов-ков сал-пал чохь ӏалашйечу тишачу, доккхачу, шийлачу цӏа чу бигира.
Накъосташна хьалха чуваьллачу Мӏаьчига, цӏенкъа йуккъехь а сецна, чухула бӏаьрг туьйхира.
Цо ма-лоьхху, бодане чоь йара хӏара. Терхи тӏе хӏоттийначу, махо хьийзош, кӏур туьйсуш богучу хьакхаран чиркхо шена гондӏахьа гӏийла серло йеттара. Цхьа хан йаллалц, боданах бӏаьргаш боллалц, са ца гора чохь. Тӏе охьаховша цӏенкъа йехкинчу дечгашна тӏехула а вуьйлуш, вахана, боданечу соне охьахиира иза. Дукха хан йалале царна хьалха диллира йуккъе хӏоттийна гӏурмех дуьзна бога а долуш сискалан йуьхкех дуьзна доккха, горга дечиган текх. Гӏурми чуьра схьакъедара жижиган цуьргаш, хьожайогӏу бецаш.
Мацалла йоьхьаш уьйриг хилла хьерчаш хетахь а, иза тӏе ца кхевдара йуучунна. Вокх-воккхачо хьалха дӏа ца эцча, хьалха а иккхина, йаа волавалар гӏиллакхе дацара. Тӏехула тӏе, нахана дагадогӏур дара, хӏара-м мацалла леш воллуш хилла аьлла. Цуьнан бӏаьргаш ткъесах кхерстара шена хьалха ӏуьллучу шуьнна а, цунна голаьцначу нахана а тӏехула. Эххар а, царалахь воккхачо – Гӏойтамара – сискалан йуьхка тӏе куьг даьхьира.
– Же, дӏаэцал, кӏентий. Бисмиллахӏи-рохьмани-рохьийм!
Шен ма-хуьллу сих ца вала гӏерташ, сискалан йуьхк, тӏаккха дечиган ӏайг схьа а эцна, тӏехула йаьгна йакъайеллачу сискалх, оьккхуьйтуш, цергашца йист а йаьккхина, иза ӏовша а ца ӏовшуш, тӏе чорпа мелира Мӏаьчига. Шен мацваларе ладоьгӏча, цунна моьттура и сискал шега дийнна дӏакхаллалур йу. Амма хӏинца, къурдаш дарх а, къамкъаргах чоьхьа ца йолуш, багахь йехха керчийра цо дуьххьара ӏаьвшинарг. Бӏаьргашна хьалхара дӏа ца довлура цӏахь кхорийн цу а биъна охьадийшина бераш. Мокха йаххьаш, тӏехь кхозучу