Цкъацкъа цуьнан бӏаьргаш чохь доза доцуш йоккха гӏайгӏа гора Мӏаьчигна, тӏаккха, оьгӏазе суьйнаш туьйсуш, ладоьгӏуш севццачу нехан йаххьаш тӏехула ткъесах кхерстара…
– Ма мотталаш, кху йуькъачу хьаннаша, лаьмнийн чӏажаша шаьш деха лечкъор ду. Хьаннаш дагарца хьокхуш, цӏарца йагош, чӏанабоккхуш бу мохк. Вайн мехкан массо маьӏӏе бӏаьн некъаш дохку, массо маьӏӏехь гӏаьпнаш йоьгӏу. Салташа сийсо хӏара мохк зингатийн туьйлигах тарбелла. Йарташ арен тӏе лоьхку, йуккъехула вайн мохк ирх а, пурх а боькъуш, гӏалгӏазкхийн йарташ йехкина. Цига баха ховшийначу гӏалгӏазкхашкахь герз дуьту, доцчунна ло, ткъа вайгара дӏадоккху. Оцу харцонна дуьхьало йинарг тухий воь йа йуха ца вогӏучу сийначу Сибрех хьажаво.
Дуькъачу, къоьжачу цӏоцкъамашна бухара цуьнан сийначу бӏаьргаш чохь доза доцуш йоккха гӏайгӏа гора Мӏаьчигна. Чохь тапъаьлла тийна дара.
– Хӏара де шайна тӏехӏоьттича, чергазийн а, эдагийн а къаьмнаш шайн доьзалшца лаххьабелла Хонкара кхелхина. Вай ца дира иза. Вай тийшира вешан ницкъах, вешан майраллех, вешан мехкан чӏогӏаллех. Вайн ницкъ эшна, мохк талийна. Ма мотталаш, хӏинца шаьш тӏехь долу хӏара йекха мохк шайгахь буьсур бу! Хӏан-хӏа, сан муъма вежарий, иза бакъ дац, шуна моттахь а. Лаьцна вайн устаз Киши-Хьаьжа. Лецна Делан бакъ дин лардан хӏиттийна вайн динан тхьамданаш а. Бӏаьсте йаьлча, вайнах берриш Сибрех дӏа а кхалхийна, вайн махка тӏе керстанаш ховшо ойла йу ӏедалан. Цара сийсаздийр ду вайн дайн кешнаш. Ткъа Сибрех кхалхийначу вайн бераш ца дерзахь а, берийн бераш керста дине доьрзур ду. Бицлур бу вайн къоман мотт… Дицлур ду вайн гӏиллакхаш. Цӏе йоцуш дуьненара дӏадовр ду вайн къам. Хӏинца вайна хьалха ши некъ лаьтта: йа, керстанах летта, гӏазотехь далар, йа, царна муьтӏахь хилла кӏел а севцца, жаӏарна корта тохар…
Маситтама ца йогӏу йовхарш туьйхира, ткъа Мӏаьчигна тӏехьа лаьттачу зударшлахь къорра белхар иккхира.
– Ткъа хӏун дан деза вай, Нуркиша? – моттаргӏане вагийна хаттар дира царна дуьхьалвирзина хиъна ӏачу Товсолтас. – Герз каралаца ницкъ берг-м, воккха а, жима а, стен а, боьрша а, летта лийр вара. Тӏаккха а вайл тӏаьхьа кегий бераш ма дуьсу, къенаниш ма буьсу. Дола дан